"Цхьаалин Оьрсийчоь" партерчу нохчийн депутато Саралиев Шамсаила низаман проект чуелла, 21 шо кхачанза болчу кегийрхошна малар дохкар доьхкуш. Пачхьалкхан Думин сайто довзуьйту и документ тидаме эцна "Медиазонас".
Низам юкъадаккха дезар чIагIдеш, Саралиевс довзуьйту, муха ду маларш духку низам "цхьамогIа пачхьалкхашкахь: Казахстанехь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Фиджехь, Индонезехь (21 шо), Скандинавехь, Финляндехь, Норвегехь, Швецехь, Японехь, Исландехь, Парагвайхь (20 шо)".
"Скандинави" цIе йолу пачхьалкх дуьнентIехь ян а йоцийла, ишта Европан къилбаседанерчу регионах олийла, оцу агIонна юкъа Швеци, Норвеги, Дани йогIийла хоуьйту "Медиазонас" Саралиевна.
Пачхьалкхан Думин депутат хIоьттина Саралиев Шамсаил 2011-чу шарахь. Цул хьалха цо болхбира Нохчийчоьнан арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбан а, информацин а министран даржехь.