Керланаш Ажигова Iайшин аьтту куьг дIадаккха бохку лоьраш Товбеца-бутт 24, 2019 7 шо долчу гIалгIайн йоьIан Ажигова Iайшин аьтту куьг дIадоккху, иза мел дIахадо деза къастош ду шаьш, хаамбина Маршо Радионе Москварчу берийн хирургин Iилман-медицинан институтерчу лоьраша. "Iайшера хьал цхьана эшшара ду, ца хеддаш дарба латтадо оха. ХIинца а хан ю куьйган дилх хийцадалар тергалдеш Iан. Цул тIаьхьа сацамбийр бу аьтту куьг мелца дIахадор ду", - жоп делира лоьраша. Аьрру куьг дийна дуьсур ду Iайшин. Амма иза лелаш дац йоьIан цкъачунна. Цуьнан бахьана ду, цIахь иза йолчу хенахь, цуьнан куьйгаш тIех къевлина дихкина латтор, пхьаьрсан син-хьесий талхийна хилар, боху медикаша. ЙоьIан ягийна межеш а ю толуш, кхачабаар а вон дац, тешийра тхо лоьраша. Когаш а хилла Iайшин гIаьрташкахь чуьрабаьхна, уьш а тобийр бу институто. Маршо Радионо хьалхо хаийтина ма-хиллара, кху беттан 4-чу дийнахь кхачийна Ажигова Iайша Несарарчу дарбан цIийне, дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолуш. Де даьлча кеманца йигина Москох. Бер кхаба тIеэцна хилла дейиша Ганиева Макка бехкейо талламо, дуьззина ша лелочух жоп а луш, йиллина етташ, йоьIан могашалла талхорна.