Your browser doesn’t support HTML5
"Новая газето" а, "Мемориал" бакъонашларъярхойн центро а, "Къизаллаш лелорна дуьхьал комитето" а, " Правовая инициатива" тобано а дийцина Кадыров Ахматан цIарх ППСП №2 олучу полкан гIишлонехь йолчу къайлахчу набахтехь нах хьийзийна хиларан керлачу тоьшаллех лаьцна. Цара иштта дийцина 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь вийначу 27 стагана ницкъ бина хилар тIечIагIдинчу тешех лаьцна а.
"Мемориалехь" Товбеца-беттан 23-хь хиллачу зорбан конференцехь таблица гайтира, Нохчийчохь тайп-тайпанчу кIошташкахь лецна хиллачу 67 стагах лаьцна хаамаш тIехь болу. 27 ву царах "Новая газето" шен "Это была казнь" материалехь, йина кхел а йоцуш, хIаллакбина бохуш бийцинчу нехан могIарахь.
Бакъонашларъярхоша къасторца, цу нахах лаххара а 25 стаг вайна, гергарчарна а гуш, полисхоша лаьцна дIавигинчул тIаьхьа. Гергарчара кехаташца дина дехарш дIакхачийнера Къилбаседа Кавказан федералан гонан Коьртачу талламан урхалле. И орган йолаелира хилларг къасто.
"Тхан юристашка дукха хала кхечира цу талламан материалаш. Тхоьга кхечира Талламан комитето боккха а, забар йоцуш а болх бина хилар гайта Iалашо йолуш вовшахтоьхначу тептарийн 27 том. Амма царна тIехь дерг девзинчул тIаьхьа тхо кхийтира цу кехаташна тIехь дерг таллам баран жамI ца хиларх, мелхо а талламна саботаж яран жамI хиларх", – дIахьедар дира конференцехь "Горячие точки" программан куьйгалхочо Орлов Олега.
Официалан верси иштта яра: 27 стаг цхьаммо а ца вийна, ткъа царах 22 лаьцна а вац.
"Уьш тIаме бевдда Шема. Талламо цу тайпа жамI дина, терроран зуламаш дарна чувоьллинчу шина стага дина тоьшаллаш бухе а дехкина", – йовзийтира Орловс нохчийн ницкъаллин структурийн верси.
Орловс дагаваийтира вийна волу цхьа стаг. Иза ву таблицина тIехь волу Абдулкеримов Саид-Рамзан. Официалан версица, и стаг, дог лаза а даьлла, велла шен цIахь. Цуьнан каш омбудсменана Москалькована а гайтира Iедалхоша.
Амма иза валар хьокъехь кехаташ хIиттийнера низамаш а дохош: цунна вон хиллачул тIаьхьа гергарчара меттигера лор кхайкхина хиллера, цо иза велла хилар тIечIагIдинера, амма стаг валарх лаьцна кехат деллера 7 де даьллачул тIаьхьа.
"Тхуна гуш ду – цхьа а лор вацара цигахь. Стаг велла хиларх лаьцна тоьшалла дан харц кехат хIоттийна дIадахана де буха а яздеш", – тешна ву Орлов.
Хаттарш дисина, "Новая газетан" хаамца, 27 стаг вийначу Кадыров Ахматан цIарх ППСП №2 олучу полкан гIишлонех хьовсар хьокъехь а.
"Цига вахана лелла талламхо Соболь, массанхьа а хьаьжна иза. Амма ца хьажна шина корпусна чу. Царах цхьаъ ю "латархойн зал" олу чоь. Цу чохь ду и нах латтийна ор (подвал). ХIусамех хьажар хила ма деззара кхочуш дина дац, иза дина зулам лачкъо Iалашо йолуш", - хета бакъонашларъярхочунна.
ТIеоьшу талламаш бар тIедожош бина латкъамаш юхатуьйхира хьалхарчу а, шолгIачу инстанцийн суьдо. Гурахь "Новая газетица" а, "Правовая инициатива" тобанца а, "Мемориал" латкъам бан дагахь ю Европерчу кхеле.
"Нохчийчохь чубоьхкина полисхой бац"
Полицин ППСП №2 полкехь латтийначу 67 стагана юкъахь ву тIемало хиларна а, герз лелорна а бехке а вина, 9,6 шеран тIера 10 шо 6 баттана тIе кхаччалц хенаш а тоьхна, чувоьллина 14 жима стаг.
ХIорш бу уьш: Абубакаров Эпсар, Абуев Нур-Iела, Алиев Салахь, Асуханов Юнус, Джабихаджиев Iабдул-ВахIид, Довлетукаев Бувайсар, Мусаев Адам, Мусаев Денилбек, Мусаев Моьхьмад, Титиев Юсуп, Чимаев Абубакар, Шовхалов Сулейман, Эдильханов Сайд-Мохьмад, Юсупов Хьамзат. Цара массара а тIечIагIдо, йина кхел а йоцуш, хIаллаквина бохуш вуьйцу 27 стаг 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь полкан гIишлонехь хилла хилар а, царна массарна а ницкъ бина хилар а.
Кхин цхьа теш ву – Абдулмежидов Iабдулхьаьлим. Цунна 8 шо 4 бутт хан тоьхна кхело. Иза карарчу хенахь латтош ву Соьлж-ГIаларчу №1 йолчу талламан изоляторехь.
Цуьнан адвокато Караваев Александра дийцарехь, тоьшалла ду Iабдулмежидов 2017-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна къайлахчу набахтехь латтийна хиларан. Иза ду полисхоша цунна тIехь Iазап латтийна Кадыров Ахматан цIарх ППСП №2 полкан гIишлонехь долучерах цхьа ор. Иза иштта хилар тIечIагIдо хьалхо вийцинчу 14 стага а.
Документашкахь яздина ду Iадулмежидов Зазадоккху-беттан (март) 25-чохь лаьцнера аьлла. Амма цуьнан телефон дIаяйна хилла Дечкен-баттахь дуьйна. Делахь а цу юкъана цу стаган банкан картина тIера схьаэцна 17 эзар сом. Тамашийна дерг ду и операци йина хилар Кадыровн цIархчу полкан территори тIехь лаьттачу банкоматехь. Цул тIаьхьа кхин а тамашийна Iабдулмежидовс шен машен лело бакъо елла кхечу стагана. Цу хенахь дуьйна Шелан кIоштан полисхоша, кар-кара а оьцуш, хоьхкуш ю иза.
"Адамашна ницкъ бечу нахана дегаза ца хета могIарера талор дан… Куьйгалла деш ву цу дерригна а Куршлойн кIоштан ОМВД-н талламан декъан хьаькам Джабраилов Дени", - элира Караваевс.
"Нохчийчохь чубоьхкина полисхой бац тхан, кхечу регионашка хьаьжча. Тхо вуно чIогIа иза дан гIертаро жамIаш дохьуш дац. Дерриг а тхоьга алалург Нохчийчохь низамаш делла дац, амма и низамаш лелар дахкаделла дIадаьлла хилар ду", - дIахьедар дира "Къизаллаш лелорна дуьхьал комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игора.
"2009-чу шарахь дуьйна тхуна гуш дара цхьа сурт: стаг доьза вайча дуьххьара олу, хIунда дац шу реза, иза къайлаваьлла олий. Цул тIаьхьа оха тоьшаллаш даладо иза низамашлардечу органаша лаьцна хиларан. Тхуна жоп ло – иза лаьцна вара, амма оха иза дIахийцира, цул тIаьхьа иза тIемалойх дIакхетта олий. Полици яц, цхьа вербовка йон пункт ю-кх", - цецвуьйлуш вара Каляпин.
Лакхохьа вай хьахийначу 14-нна юкъарчу шина жимачу стеган адвокато Немов Александра дийцира, цаьрца Кадыровн цIарахчу полкан кертахь хилларг. Цо чIагIдарехь, царна дийнахь шозза баьпкан юьхк а, хин стака а бен кхин кхача луш ца хилла. Кхерамаш туьйсуш хилла, маьттаза бага а лееш.
"Алиевс а, Мусаевс а суьдехь дIахьедар дира, дерриг а ма дарра дийца аьтто бу шай аьлла -- мичахь латтийра а, полкехь шайна хIун гира а. Суьдехь вуно дукха гергара нах бара, шайн бераш муха лецна дийца кийча болу, амма цхьа а ца левира. Шина тешо дийцира шаьш латтийна хилар дуккха а лецначу нахаца, царна юкъахь 67 стагах лаьттачу суртан таблицина тIехь болу нах а бара бохуш.
"Уьш берш хилла ППСП №2 полкехь а, Куршлойн кIоштан РОВД-хь. Массо а хьийзийнера цхьатерра. Цара дагалецара, леван вигича "со мичахь ву аьлла хаьттича" шайга олура "хьо нохчийн жоьжагIате кхаьчна" бохуш.
Джабраилов Денис, лецначеран гергарчаьрга а воьдуш, кхерамаш туьйсуш хилла, шун цхьа кIант хилла ца Iан, бекхам бийр бу, бохуш. Иза а ца гуш дитина кхело", - дийцира Караваевс.
"27 стеган" гIуллакх талла лаам цахиларо гойту, нохчийн ницкъаллин структураша дина зуламаш къайладохуш хилар федералан тIегIантIехь, боху бакъонашларъярхочо Орлов Олега.