Набахти текхна ваьлла оппозиционер Хазбиев Мохьмад

Тахана ГIебарта-Балкхаройчуьрчу №5 набахтин кевнах араваьлла Хазбиев Мохьмад Несара, шайн цIа, дIавигина Мурада, цуьнан вашас. "Кавказ.Реалиига" хаамбинарг ву ша Мурад.

Хьалхо дийцина ма-хиллара, стохка шеран юьххьехь лецира Хазбиев Мохьмад, Магасерчу кхело яхначу гурахь иза бехкевира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуровга махкахь цабезам кхуллу хаамаш баржорна а, герз лелорна а.

2 шо 11 бутт хан тоьхнера цунна набахтехь такха, тоьхнера 50 эзар соьманна гIуда а. Оппозиционеро да дира ша бехке хиларх даре.

Хазбиевна тоьхна хан кхаа баттана яцйира кхушеран Iай ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело.