ГIурбан де билгалдаьккхина Нохчийчоьнан муфтийс

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа бинчу хаамца, Зуль-Хьиджа олу беза бутт болалуш бу кху шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь. Цо дийцарехь, Iарафа де хир ду кху беттан 10-хь.

Нохчийчоьнан муфтийс дIакхайкхина ГIурбан де кху Марсхьокху-беттан 11-хь хир ду аьлла (10-гIа Зуль-Хьиджа).

ГIурбан де вуно коьртачу дезаденойх цхьаъ ду Исламехь.