Корехь кхозуш хилла кIант кIелхьарваьккхина Нохчийчохь (видео)

Нохчийчохь масийттазза тIекIелдинчу цIийнан петаран корах ара а ваьлла, гIишлон пена юкъарчу дукъох тасавелла 8-10 шо долу жима кIант шина стага кIелхьарвоккхуш видео Iораяьккхина Интернет машанехь. Шиннах цхьаъ ву полисхо.

Хууш дац, муха нисвелла и кIант оцу кхерамечу зил тIехь. Карарчу хенахь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лоьхуш бу шайггара лерина операци дIаяьхьна турпалхой.