14 шо ду Германин Iедалшка шайн пачхьалкхера нохчо ара ца ваккхалун

Шайн пачхьалкхера "кхераме террорхо", 31 шо долу Рашид араваккхар ца нислуш хьийза немцойн Iедалш. www.germania.one. хьостано хаамбарца, 14 шо зама ю Рашид Нойс олучу гIалахь веха. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх а иза воллушехь, шайн пачхьалкхна цуьнгара кхерам буйла а хуушшехь, Германин Iедалан таро яц иза шайн махкара араваккха. Кху беттан 8-чохь набахте хьажийна Рашид, Нойсерчу кхело набахтехь баккха 18 бут хан тухуш. Иза бехкевина къоланаш дарна а, герзах долу низам дохорна а.

www.germania.one.хьостано яздина, кху Охан-баттахь полицино Рашидера цхьанхьа а ду аьлла, чоьте эцна а доцуш герз а, патармаш а, герзан гIовгIа ца хазийта цунна тIебуьллу гIирс а баьккхинера цуьнгара.

Рашида ша Нохчийчуьра веана ву боху Германи 2004-чу шарахь. Ткъа Нохчийчоьно иза шайн вахархо вац бохуш, тIе ца лоцу кехаташ доцуш. Оцу бахьанца 14 шо ду иза Германехь латтош волу.