Имам Шемалх Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьллачунна протест ярхьама митинге бовла дагахь бу Махачкалара инициативан тобанхой. "Кавказский узел" агенталло хаттам бинчу Дагестанан журналисташна хетарехь, нохчийн куьйгалхочо акци Соьлжа-гIалахь дIахьо алар - провокаци ю.
19-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнна дуьхьал къийсам латтийна имам Шемал хьахош Кадыровс: "Оха лору Шемал Iеламча санна, амма хаа лаьара, Нохчийчохь ша 19 шо хан йоккхучу заманчохь стенна бина цо Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом, тхан мохк а, къам а хIаллакдеш. Ткъа Дагестане юхавеана биъ бутт баьллачул тIаьхьа кара а вахна, эла хилла цунах. Кхи хIун эр ду цунах, Нохчийчоьнна а, нохчийн къома дуьхьал а террор иза дацахь?, - аьлла, дIахьединера.
Инициативан тобан 6 декъашхо пIераскандийнахь Махачкалан администрацехь хилла, митинг низамаш а ца дохош, вовшахтохарх дийцарш дан. "Низамаш дохош акци дIаяхьа дагахь дац тхо. Iедалхойн пурбанца дIахьочу акци дуккха а нах гуллур бу", - аьлла, тешна ву тобанхо Магомедханов Мурад.
Дагестанхой митинг дIаяхьа дагахь буй хиъначу нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьехнера, Соьлжа-гIала а дуьйлий, кхузарчу майданахь хIоттае митинг аьлла. "Нагахь ас имам Шемал аьшнашвинехь, Махачкалахь стенна гуллуш ду шу? Схьадуьйла тхо долчу, кхузахь а ю майда, гулло цигахь", - аьллера Кадыровс "Чечня Сегодня" агенталлан YouTube каналехь зорбане яьккхинчу шен видео тIехь.
"Соьлжа-гIаларчу майданахь митинг хIоттае бахар, цавашарца санна аьлла хIума ду, цо имам Шемалан мах хадорах ца тайна долчу тхоьга. ЦIена провокаци ю иза. Дагестанера ситуаци эгIо гIерта Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цунна тIетайна спикер Даудов Мохьмад а. Амма кхеташ дац, мича Iалашонца лелош ду и хIумнаш. Бакъду, цара иркарахIиттабо, имам Шемал къоман турпалхо лору Дагестанера кегийрхой", - аьлла "Дербент" хаамийн агенталлан куьйгалхочо Фатуллаев Мурада.
Кадыровн дешнаш кхераме хета ца дезара аьлла хета "Черновик" газетан редакторна Магомедов Магомедна.
"Цхьа шога троллинг, цхьа кIоршамалла санна тIеоьцу ас цуьнан дешнаш", - аьлла цо "Кавказский узел" агенталле. Имам Шемална тIехIуттуш митинг Соьлжа-гIалахь дIаяхьар нийса хета Магомедовна. Дагестанан жигархоша а, муфтиято а Нохчийчоьнан юстицин министралле дехар дан дезара, Сьлжа-гIалахь митинг хIотто бакъо йоьхуш. Оцу митингехь юха а шена хетарг олуш, вистхир вара Кадыров аьлла журналисто.