Наркотикаш яьхна автобус чохь воьдучу дагестанхочуьнгара

Дагестананний, ГIалмакхойчоьнанний дозанерчу "Артезиански" блок-постехь 50 шо долчу пассажирера 1 кийла къомал яьккхина полисхоша, хаамбина Къилбаседа Кавказан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло.

Кхачанна тIехьарчадечу телатна юкъахь карийна наркотик.

Алсам барамехь наркотикаш эцарна, лелорна, дIасаяхьарна кхачош йолчу бехктакхаман артиклца гIуллакх айдина наркотикийн долахочунна дуьхьал.