Anubis-вирус кхоьллинчу хакерийн дов луьстур ду Ставрополехь

Компьютеран вирус Anubis кхоьлличийн дов ду хатта долош Ставрополехь. Жоьпе балийнарш бу эскаршкахь болхбина нах.

Юьззина цIе ю цара кхоьллинчу зуламе программин "HEUR: Trojan-Banker.AndroidIS.Anubis.n".

Трояно йохош хилла вирусаш лоху программаш, йохош хилла нехан сервераш чуьра программаш.

2018-чу шарахь бен тIаьхьа ца кхиина IBM а, Google а церан трояно Android-ца лелачу телефонийн системина зуламаш дойла – смартфонан дас шен банкан код, я электронан бумаьштиг схьайоьллучу хенахь скриншот йоккхуш хилла трояно.

Ставрополерчу тIеман кхелан векало "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, кхеле ийзийначех цхьаъ и вирус кхолла волавелла 2013-чу шарахь, ткъа ваьлла йина 2016-чу шарахь.

Ша вирус-программа йина ваьлча, иза биткоинех йоьхкина цо кхечу стагна. Соьмашка даьккхича, и мах бу 90 000 сом гергга.

Бехкеийзийначех кхечо, троянан авторо аьлларг а деш, иза дIахIоттош хилла нехан телефонаш чу.

Пхиппа шераш тоха мега оцу нахана набахтехь такха.