ЖаIфар: Аш хаьттирий, муьлха ислам лелон мега?

Your browser doesn’t support HTML5

Урдунерчу 150 жимчу стагна хьошалла дина Нохчийчоьно, аьлча а, Кадыровн Iедало, шен чоьтах бигина уьш дайх бисина мохк ган. Кадыров Рамзана бовзийтина кегийрхошна шен дас арабаьккхина, ша тIечIагIбина некъ – шен кепехь дийцина шаьш даймохк Оьрсийчоьнан юрисдикце берзош, дуьхьалверг хIаллаквеш хьегначу къинах лаьцна. Шалха бу нохчийн оцу хьошалле а, Нохчийчоьнан администрацин комаьршаллах пайдаэцначу урдунхоша Кадыровна хастамаш баре а болу хьажам. Тамаше хета, масала, Нохчийчоь Кремлна Кадыровс а, цуьнан гоно а "йоьхкина" аьлла интернетехула дIахьедарш диначул тIаьхьа ша вехачу Урдунера а вада дезна, Европехь вехачу ЖаIфарна.