Хан-Шейхун гIалана тIелетта Асадан эскарш

Шема, Хан-Шейхун, Марсхьокху-бутт, 2019 шо.

Шеман къилбаседа малхбузерчу Идлиб провицехь йолчу Хан-Шейхун гIалана тIелетта президентан Асад Башаран эскарш. И гIала оппозицин тIеман тобанийн карахь ю 2014-чу шарахь дуьйна.

2017-чу шарахь Хан-Шейхунехь химин атака йинера, иттаннаш адамаш а дойуш. Дуьненаюкъарчу эксперташа жамI дира дIаьшен тIелатар динарш президентан Асадан эскарш дара аьлла. Iедалан а, оппозицин а хьасташа хаамаш бо, цу гIалахь тIемаш боьлхуш а, бомбанаш етташ кеманаш а хиларх лаьцна.

Шеман Iедалан зорбанан гIирсаша оршотан Iуьйранна хаам бира, Туркойчоьнан территорина тIера Идлиб гIалана чуеана хиларх лаьцна тIеман техникан ковр.

Идлиб провинци тIаьххьара территори ю Ефратана малхбузенехьа оппозицин тIеман тобанийн карахь йолу. Туркойчоьно а, Оьрсийчоьно а стохка барт бинера цхьана мониторинг ян ши агIо вовшех хьакхалучу дозанехь.

Асадан эскарш севцнера, Идлибана тIе ца леташ. ТIаьхьарчу маситта кIиранах тIемаш бар жигардаьлла. Шеман пачхьалкхан ницкъаш тIелетта Идлибана.