Росстат: зударий массо а мехкашкахь бу божарел дукха, хир а бу кхидIа

Чукотка дIаяьлчхьана, массо а регионашкахь зударий дукха бу божарел. Лаьттар ду хьал ишта, кхин а алсам а ер ю башхалла хенан йохалла, боху Оьрсийчоьнан пачхьалкхан статистикан урхалло (Росстат).

Карарчу хенахь 1000 стагана кхочу 1154 зуда.

"Юьхьанца агIонаш цхьана барамехь нисло, масала, 4 шо кхаччалц долчу берашлахь ах-ах ду зудабераш а, божабераш а. Амма хьал хийцало и нах 20-25 шаре хьалакхиича: зударий алсам буьсу дийна. Божаршлахь совдовлу баларш", - боху Оьрсийчуьрчу Плехановн цIарах йолчу экономикан университетан статитикан кафедрин доцента Тимофеев Александра. Цо бахарехь, Оьрсийчохь 60 шаре бевллачу нахалахь, шина зудчунна цхьа борша стаг бен ца кхочу.

Божаршлахь тIех лакхара ду баларш аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан могашаллин министралло а. Массех бутт хьалха оцу урхаллин куьйгалхочо Скворцова Вероникас элира, божарша сов дукха маларш муьйлу, цундела гIеметтахIиттинчу бахархошлахь божарий ле зударел а кхузза дукха. Къахьега тIехь долчу хенара нах зийча, малар бахьана долуш ле божарех 70%, бохура Скворцовас.