Хангошвилин гергарнаш тешна бу иза вейтинарг ФСБ хиларх

Нохчийн "Вайфонд" юкъараллина интервью еллачу Хангошвили Зеламхин гергарчийн шеко яц из вейтинарг Оьрсийчуьра ФСБ хиларх.

Германино болийначу талламна герга йолчу хьасташа бахарехь, «Сибрехара Оьрсийчоьнан вахархо Вадим С.» ву зулам динарг, вац нохчо, юьхьанца немцойн прессо аьлла ма-хиллара. Лаьцначо жоьпаш ц ло шега полицино дечу хеттаршна, тIебоьху шена Берлинера Оьрсийчоьнан векалтан белхахой.

Нохчийчуьрчу Iедалан хьасташа хаамбина, Германехь вийна Гуьржийчоьнан вахархо вацара Нохчийчоьнца зIе йолуш, шаьш данне а дац бохаман декъахь, аьлла.

Кху беттан 23-чохь Берлинан Маобит кIоштахь тапча йиттина вийра Хангошвили. Хан ялале луларчу хи чохь карийра полицина зуламхочуьнгахь хилла герз а, цо ша Хангошвили вийна ваьлча дIатесна вилспет а, духар чохь долу тIоьрмиг а, каранаш а, ца вовзийта коьртах йоьллина лелийна месийн тIуьйлиг а.