Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнча: Iедалан цхьа а юкъарло яц и стаг вийначуьнца

Песков Дмитрийс, Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас дIахьедина, Оьрсийчоьнан Iедалан цхьана а кепехь зIе яц Германехь Оьрсийчуьрчу вахархочо стаг верца, аьлла, хаамбо ТАСС агенталло.

"И гIуллакх Оьрсийчуьрчу пачхьалкхца, цуьнан Iедалца цхьана а хьесапехь зIе йолуш дац", - билгалдаьккхина Песковс, Малхбузерчу прессо Москох зуламан декъахь ю бохуш дечу дIахьедаршна дуьхьало еш.

ДIадахначу пIераскана, кху беттан 23-чу дийнахь, Берлинерчу Маобитехь нохчо Хангошвили Зеламха а вийна, ша зулам диначуьра ведда Оьрсийчоьнан вахархо, ткъа иза лаьцна, аьлла, хаам баржийра Германин полицино.