Украинехь дIалаьцначу масех Оьрсийчоьнан вахархочун адвокато Рыбин Валентина дIахьедина, Москвана а, Киевна юкъахь оршотдийнахь тутмакхаш хийцар хир дац аьлла.
"Царна гечдеш Зеленскийс омра ца дахь, цхьа а цхьанхьа а гIур вац. Цкъачунна омра доцуш ду", - аьлла Рыбина, яздо "Новости" агенталло. Хьалхо адвокато хаамбинера, Киевехь лецна латточийн оьшу кехаташ кечдеш ду аьлла. Цунна хетарехь, шинаридийнахь хила тарлора тутмакхийн хийцарш.
ПIераскандийнахь Украинан кхерамзаллан Урхаллан пресс-секретаро Гитлянская Еленас дийцира, билггал лецнарш хуьйцуш де билгалдаьккхина дац хIинца а аьлла.
"Коммерсанто" яздарца, лецнарш а, хан тоьхнарш а хийцарх дийцарш долийра Украинан а, Оьрсийчоьнан а шина президентна юкъахь Товбеца-баттахь телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа.
Марсхьокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь Москварчу "Лефортово" СИЗО-хь Украинан 30 гергга вахархочух информаци вовшахтуьйхира. Уьш бехкебо Оьрсийчохь зуламаш лелорна.
Украинан 24 хIордахочун гIуллакхаш Киеве дIахьажийна кхи дIа цигахь таллийта. Марсхьокху-беттан 30-чохь Оьрсийчоьно маьршабехира стохка гурахь Iаьржачу хIорда тIехь Керчан гечонехь Оьрсийчоьнан ницкъаша лецна латтийна хIордахой.