ГIалгIайчуьра виъ депутат мандатех ваьккхина

Шайна тIедогIучу рицкъах деклараци тIехь хаамаш хьулбарна мандатех ваьккхина ГIалгIайчуьра виъ депутат, хаамбина мехкан прокуратурано. Церан версица, Джейрахан кIоштарчу Бейни а, ОльгетIи а ярташкарчу депутаташа ма дарра ца яздина шайн хьал-бахамах.

"Доккхачу декъанна, цара хьулам бина шайн доларчу а, шаьш пайдаоьцучу а ара-чу ца баккхалун бахамах", - аьлла, хааме даьккхина шайн сайтехь ГIалгIайчоьнан прокуратурано.