Устрада гIалин мэран даржехь чIагIвина Кадыров Хас-Мохьмад

Кадыров Хас-Мохьмад

Устрада гIалин мэран даржехь чIагIвина Кадыров Хас-Мохьмад. Меттигерчу кхеташонан депутаташа цхьабоса кхаьжнаш тесна цунна аьлла, хаамбо REGNUM агенталло.

"Товбеца-беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйна мэран декхарш ханна кхочушдеш вара Кадыров Хас-Мохьмад. Оцу цхьана баттахь гIалин хатI дикачу агIор хийцина цо, цIена ю, тIехь деш Iуналла ду. Гуш ду, доллу жоьпалла тIе а лаьцна Хас-Мохьмада шен декхарш кхочушдойла", - аьлла, "ВКонтактерчу" шен пена тIехь яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха догIу, Кадыров Хас-Мохьмад мехкан куьйгалхочун гергара стаг хилар.