ТIехьа-Мартанахь хиллачу некъахьовзамехь йоI лазийна

Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанахь иккхинчу некъан хьовзамехь лазийна 22 шо долу йоI ялийна кIоштан дарбан цIийне. Къаьстина ВАЗ- 2115 автомобилан урхалла дечу Яндаровс цунна тIе машен тоьхна хилар. "Чечня Сегодня" агенталлан редакцига кхачийначу видео тIехь гуш ду, цхьахйолчу машенал а хьалха вала гIоьртинчу шоферо новкъахь йоьдучу йоIана машен тIетухуш. ТIаьхьа йогIучу машенан терго ца йина йоIа букъ тоьхна йоьдуш хиларна.

Карарчу хенахь оцу инцидентна гонах талламаш бу дIахьош.