Украинаца лецнарш хийцарх вистхилла Путин

Оьрсийчохь а, Украинехь а лецна латтон нах хийцарх дIахьош долу дийцарш "дерза герга ду" аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира йоьдучу Малхбален экономикан форумехь. Президентна хетарехь, шина а агIор лецнарш хийцар "беркате гIулч" ю Украинаца юкъаметтигаш тоярехь. Муьлхачу дийнахь хуьйцур болуш бу лецнарш аьлла, де билгал ца даьккхина оьрсийн президенто.

Дипломатин гонашкарчу Интерфаксан хьосташа къадийна, кху беттан 7-чохь хуьйцуш бу аьлла.