Женевехь митинг дIаяьхьна Ичкерин агIончаша

Женевера митинг

Нохчийчоьнан суверенитетан агIончаша митинг дIаяьхьна Женевехь. "Мир и права человека" дуьненаюкъарчу ассоциацин президенто, бакъонашлархъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмина вовшахтоьхна акци яра иза. Дудаев ЖовхIар куьйгаллехь а волуш, республика йозуш йоцуш ю аьлла, дIакхайкхийна 28 шо кхачарна лерина хIотийнера митинг.

Женеверчу ООН-ан векалтна хьалха иттаннашкахь нах гулбеллера. Цара тIедожийра, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь Оьрсийчоьно нохчашна дуьхьал лелийна зуламаш нийсонца таллар а, дуьненаюкъаралло оцу зуламийн мах хадабар а.