Нохчийн артисташа харцдина шаьшшиъ лаьцна бохург

Вахарагов Аюба а, Асхьаба а, Саратова Хеда а

Нохчийн эшарш лоькхуш болчу вежарша Вахарагов Аюба а, Асхьаба а харц бина шаьшшиъ лаьцнера бохуш хаам. Цу шиммо дийцарехь, шайн куьпан полицин инспекторо кхеторан къамел динера цаьрца.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула Кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас дийцарехь, Гезгмашин-беттан 9-хь, иза йолчу а бахана, вежарша харц бина гучубаьлла хаам. Цу цхьаьнакхетарехь яьккхинчу видеон кийсаг яржийна Саратовас социалан машанашкахь.

"Цхьаммо яздо, тхойшиъ вийна, тхойшинна етташ ю бохуш, амма иза дерриг а бакъ дац. Тхойшиъ дийна а, гIозадекъал а ву, - боху шина вешех воккхаха волчу Аюба. Иза дуьйцуш артист воьлуш а ву, жигара ишарш еш а ву.

Вежарийн дас Хьамзата бакъдина, шен ши кIант гIозадекъал хилар. "Министро къамел дина цу шинца. Шен лаамехь эшарш лекха мегар дац аьлла, дешнаш догIуш дац аьлла. Цул тIаьхьа и шиъ цIавеара, ткъа куьпан инспекторо къамел дан кхайкхира и шиъ. Кхин хIумма а хилла дац, цхьаммо а дIа ца лаьцнера", - боху дас.

Кху беттан 8-хь "Кавказ.Реаллин" хьастано хаам бинера ши кIира хьалха шайн цIахь Ойсхарахь лецна РОВД дIабигина артисташ дIахецанза бу аьлла. Хьалхо культуран министраллехь шаьш реза ца хилар хаийтинера цу шина артистан репертуарна.