Your browser doesn’t support HTML5
Оппозицино кхайкхамаш бешшехь ГIалгIайчохь харжамаш дIабаьхьи. Пачхьалкхехь хуьлучул а дукха нах гулбелла хиллера кхаьжнаш тосучу меттигашкахь. Кху беттан 8-чу дийнахь хаьржина, аьлча а, куьйгаллехь чIагIвина "Единая Россия" партино хьалхатеттина 60 шо долу Калиматов Махьмуд-Iела.
31 депутатаех 27-ммо кхаж тесна цунна: кхааммо къастийна хилла ЛДПР-н координаторан Зурабов Мохьмадан кандидатура, цхьана депутато къастам банне а ца бина. Кхаьжнаш тесначул тIаьхьа дIаяьхьна куьйгалхочун инаугурацин церемони а.
Оццу сохьта Калиматовс министрийн кабинет дIасахецна, шен лаамехь премьеран дарж охьадуьллуш Евлоев Зяламхас чуделлачу кехатна куьйгъяздина.
Куьйгалхочун даржехь ша чIагIвинчул тIаьхьа Федерацин Кхеташоне хьажийна Калиматовс Сунжерчу депутатийн Кхеташонан куьйгалхо Барахоев Мухарбек.
Офицаиалан хаамашца, меттигерчу кIошташкахь депутаташ хоржуш кхаьжнаш тийсина 126 декъехь. 456 мандат къовсуш вара 824 стаг.
Оьрсийчоьнан харжамийн Центро дуьйцург бакъ делахь, муниципалхой къастош Магасо рекорд хIоттийна хилла - суьйранна ялх сахьт даьллачу хенахь кхаьжнашка баьхкинарш 73,5 процент бара аьлла ду дина дIахьедар.
Ткъа кхаьжнаш тосу пункт дIакъовла ши сахьт диссинчу хенахь Карабулакехь 70 процент стаг чекхваьллера, шайн къастам бина. Йоллу республикехь аьлча, 55 % бахархоша дакъалаьцна харжамашкахь.
"Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте ГIалгIайчоьнан урхаллан пресс-гIуллакхоша дийцина, регионехь дIабаьхьначу харжамийн жамIашна реза ду шаьш аьлла.
Харжамаш хила цхьа де диссинчу заманчохь Калиматовс билгалдаьккхира, "харжамашка гIор ца гIор", "кхаж тосур ца тосур", "хьакъ ву, йа вац кандидат" бохуш, шаьш шайца аш диалог дIахьочу юкъанна, меттигерчу кIоштийн урхаллехь нисбала тарло шайн интересаш хьалхаяьхна, депутатан мандат дезарш, йа администрацийн куьйгалхой хила луурш" аьлла.
Яртийн, кIоштийн урхаллашка харжамаш Оьрсийчохь тийна, тапъаьлла чекхбовлу, амма Iаламат боккха тидам тIебахийтинера ГIалгIайчохь царна, меттигера оппозици бахьана долуш.
ГIалгIайн тайпанийн Кхеташоно а, гIалгIайн къоман цхьаалин комитето а, регионерчу "Яблоко" партин декъо а бойкот кхайкхийнера.
"Яблокон" лидеро Муцольгов Руслана бахарехь, дукха нах зIене буьйлура цуьнца, кеп-кепарчу харжамийн дакъошкахь адам кIезиг дара бохуш, чIагIдеш.
"Харжамийн каппашкарчу белхахоша дуьйцура, ишта кIезиг адам кхаьжнаш таса деана дацара цкъа а бохуш. Со тешна ву, официалехь лаккхара терахьаш гойтур ду тхуна, амма кхаьжнаш таса ца баьхкина нах къарлур бац цаьрга оцу терахьашца" аьлла Муцольговс.
ГIалийн а, яртийн а администрацешкахь меттигаш муха дIасайоькъур ю дийца даьккхича, Муцольговс чIагIдо, "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь, сюрпризаш цигахь яц аьлла.
"Ас муха кхетадой хIара, Iедало юха а эшийна-кх шен къам", - аьлла регионерчу "Яблоко" партин куьйгалхочо.
ГIалгIайчуьрчу бакъонашларъяран "Мемориал" организацин офисан куьйгалхочунна Акиев Тимурна хало ду дIабаьхьначу харжамех дерг ала, хIунда аьлча, "харжамашкахь дакъа лаца а, йа тергамхой санна а цигахь хилар дихкинера оппозицино".
"И йоллу бойкот кхайкхийна йолу структураш лоруш берш ца баханера харжамашка", - бохуш, билгалдоккху цо.
Билггал аьлча, интернет-майданашкахь оппозицино йоккха кампани яра йолийна, бойкот кхайкхийначарна тIехIуттуш. Моьттура оцу дуьхьалбовларо цхьа пайда бохьур бу, амма ца беара.
Административан ресурс ницкъ болуш хилллера. Бойкот тIехтесна ца Iаш, бозуш боцу тергамчаш цигахь боцчу юкъанна шайн хирг динера цара.
Регионерчу харжаман комиссин куьйгалхочо Евлоев Муссас дIахьедарца, Оьрсийчоьнан харжаман комиссига кхаьчнарг цхьа арз ду. Иза а таллам бинчул тIаьхьа, бакъ а ца хиллера.