Олимпиадехь лата бакъо яьккхина Евлоев Мусас

2017, Париж, Дуьненан чемпионат, леташ ву Евлоев Муса а, Алексанян Артур а, архивера сурт.

Желтой-римахойн кепехь охьатохархлатархо Евлоев Муса тоьлла Нур-Султанерчу (Казахстан) дуьненан чемпионатехь оршоьтадийнахь, 97 кийланийн категорехь. Хилла чов бахьанехь, финалехь цуьнца лата юкъа ца ваьлла Эрмалойчуьра спортхо Алексанян Артур, чемпионан цIе а, Токиорчу аьхкенан Олимпиаде ваха лицензи а елла Мусана.

1993-чу шарахь ГIалгIайчохь вина Евлоев Муса, охьатохархлатархочун некъ чIагIбина цо Калининградехь а вехаш. Стохка чемпион велира Муса Венгрерчу дуьненанюкъарчу къовсадаларшкахь.

Олимпиадахой къасточу Нур-Султанерчу чемпионатехь кIирандийнахь Нохчийчуьрчу желтой-римахойн кепехь охьатохархлатархочо (72 кийлан категори) Манцигов Абуезеда а яьккхина Олимпиаде ваха бакъо – дуьненан чемпион ваьлла иза финалехь 9:0 жамIца Узбекистанера Варданян Арам эшорца.