Путинан а, Медведевн а суьрташ кешнашкахь жIараш тIехь латтор толлуш ду

Смоленскан кешнашкахь жIараш тIехь латтийна шина сахьтехь Путинан а, Медведевн а, Песковн а, Собянинан а, Шойгун а, Бегловн а, кхиболчу баккхийчу хьаькамийн а суьрташ кху беттан 19-чу дийнахь. Шина дийнахь лехнера полисхоша бехкенаш, эххар а лецна "Агитроссиян" кхо жигархо – Жексимбаев Андрей а, Иванкин Павел а, Кудрявцев Григорий а. Кхааммо а бехкаш тIе ца лоцу, шайн алиби а, телефонаш дIасайиттина биллингаш а тоьшаллаш ду, шаьш кешнашна герга аьттехьа а дахна дац бохуш, дIахьедо цара.

Василеостровскан кIоштан кхело бехкзуламан гIуллакх долйина зуламхошна дуьхьал, "Беллачийн декъий а, уьш дIабоьхкина меттиг а сийсазъярна" аьллачу артиклехь.

ДIалаьцна хиллачу Жексимбаев Андрейн адвокато бахарехь, бакъо йоцуш лаьцна витина хилла иза протокол а ца хIоттош, юург-мерг а ца луш. Карарчу заманчохь Жексимбаев а, Кудрявцев а дIахецна, тешийн статусе а ваьккхина, ткъа Иванкин чохь витина шеконашца. Бехк тIечIагIбахь чохь яккха пхеа шаре гергга хан кхачайо цунна.