Чохь газ дIаихна елла гIалгIайн 14 шо долу йоI

ГIалгIайчоьнан талламхойн органаша зен долийна Сунжа-кIоштарчу хIусамехь газ дIаихна хьахаран хьожанехь еллачу кхиазхочух гIуллакх, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано.

"Яхначу кIиран буса луьйчучу чохь Троицкерчу доьзалера 14 шо долу йоI елла карийна. ДегIа тIехь ницкъбина лараш яц. Хетарехь, газ дIаихна цуьнан хьожанехь елла и йоI", - аьлла. хаамбина прокуратуран пресс-гIуллакххоша.