Веллачу кхиазхочун дакъа карийна Экажево эвлахь

ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлахь 11 шо долчу кIентан дакъа карийна. "Ангушт" телеграм-канало Iорадаккхарехь, садукъийна вийна лараш ю цунна тIехь. Официалехь информаци яц хиллачух. Кхиазхочун гергарнаш кхеташ бац, хIун бахьанаш хIиттина хилла цунна. Ницкъаллийн структураша толлуш ду гIуллакх.