Электронан цигаьркаш Нохчийчохь ехкар хьехна Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дехка деза аьлла электронан цигаьркаш Нохчийчу кхехьар а, уьш яржор а. Ишта цо тIедиллина хазаллин салонашкахь а, спортан кхача бухкучу туьканашкахь а талламаш дIабахьа, цара пайдаоьцу препараташ зуьйш, бизнес лелон лицензи юй а хьовсуш. Адамийн могушалла Iалашъяран хеттарш айдинчу кхеташонехь шинаридийнахь вистхилла Кадыров Рамзан оцу хьокъехь.

"Дуккхаъчу дуьненан пачхьалкхашкахь йихкина ю вейпаш. Вайн республика а юкъара йолийла дац. Вейпаш – цамгар ю, адам шех дозуш йолу. Цул совнах, дуьненчохь дуккха а масалш ду, нагахь санна, еххачу заманчохь ахь царех пайдаоьцуш белахь Iожалле кхачаво цара. Цундела дехка деза аьлла хета суна вайн махкахь электронан цигаьркаш йохка а, ийза а", - аьлла мехкан куьйгалхочо.

Ишта цо билгалдаьккхина хазаллин салонашкахь а, спортан кхача бухкучу туьканашкахь а талламаш дIабахьар.

"Говзалла йоцчу косметологаша цхьа а хIума дегаза ца хеташ хьарам ахча даккха некъаш лоьху. Ткъа цара хаздо а бохуш, мехий диттина зударий дарбан хIусамашка кхачабо", - аьлла Кадыровс.