Кхечу мехкашкара дагестанхой баьхкинера даймохк ган

Дагестанера схьабевллачу нехан кхоалгIа гулам хилла ХIинжа-ГIалахь. Бараме веанера 21 пачхьалкхера 300 дагестанхо. Хьалхара гулам 1991-чу шарахь хIоьттира, шолгIаниг – лурчах.

Йиллинчу хенал тIаьхьа йолийра форум. Мехкан куьйгалхо Васильев Владимир цкъачунна спортхой декъалбеш ву, бохура бIаьргашца неIарш тергалъеш Iачу хьешашка а, журналисташка а.

Цхьа хан яьлча веара Васильев. Цуьнца цхьаьна гуламхошна тIебаьхкира деношкахь Казахстанехь дуьненан чемпионаш бевлла охьатохархлатархой а.

Чохь яьржинчу гIовгIанах кхийтира хьеший, муьлш бу Васильевца баьхкинарш, лаам къадийра цаьрца суьрташ даха. Амма, собарде, элира цаьрга.

Форумна къайстийна чоьнаш яра дукха хан йоццуш йина яьллачу Оьрсийчоьнан историн музейн. Дацара чохь шайн балха баьхкинчу гочдархошна хьешашна оьрсийн маттахь дуьйцург талмаждан хьелаш – бухара мотт хууш боцу нах бисира Васильевс дуьйцучух ца кхеташ.

Цу тIе, барамна тиллина цIе а яцара цига гулбеллачу массо а шерашкарчу наханна йогIуш – "Къоначу махкахойн цхьаьнакхетар".

150 шо хьалха, Кавказан тIом бирзича, Дагестанера дIабахначу нехан тIаьхьенех бара хьешех дукхахберш. Цара дийцарехь, Кавказ долаэцначу Оьрсийчоьно шайга дин, ламасташ дIатасийтарна кхоьруш хьижрат дина церан дайша.

Уггаре йоккха а, жигара а дагестанхойн диаспора ю Туркойчохь. Цигара баьхкинчара сагатдийриг дара шайн диаспорерчу нахана а, арахь бехачу кхечу кавказхошна а даймахка юхаберза Оьрсийчоьно бакъо луш яцар. Шайна боккха кхаъ хир бара, Оьрсийчоьно, Болгарино санна, шен мехкашкара схьабевллачу наханна паспорташ делча, бохура цара.

Дийцарехь, цхьа зама хьалха Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин дийцаршка даьлла а хилла и гIуллакх. Амма тIе ца эцна. Хьешийн оцу хаттарна дала жоп дацара бараме баьхкинчу Дагестанан куьйгалхойн. Цунна жоп лучу метта, хIун дика далур ду пана-мехкашкахь бехачу дагестанхошка Дагестанна, аьлла, хаттар юкъадаьккхира хьаькамаша.

Арахьарчу махкахошца юкъарло лелочу "Ватан" ассоциацин лидерех волчу Магомедов Iабдуллас дийцарехь, кхечу пачхьалкхашкарчу дагестанхошка хIун гIо далур дара Дагестанна, боху хаттар лелла хьалхара гулам боьдуш а - 1991-чу шарахь. Амма цхьа а жоп ца кхаьчна хIетахь гуламан дайшка.

Дагестани Жамил Башир, саIудахо, Iаьрбийн массех мехкан экономикан хьехамча ву. Малхбалехь бизнес а ю цуьнан. Цо хаьттира, муха ду хьал Дагестанехь инвесторшна. Элира: "Муьлххачу а совдегаро ойла йо оцу хьолан. И хьал гуш дацахь, кхерам бу даьккхина ахча цхьаьннан карадерза, дIакхочур дац иза халкъе".

Iамеркан Цхьаьтоьхначу Штаташкара веъначу суьйличо Авари Мохьаммада йовзийтира гуламна шен Iалашо: Штаташка хьовса, я кхечу цхьацца гIуллакхна шаьш долчу кхочучу дагестанхошна гIоден центр схьаеллар.

"Дагестанан Iедале далур дуй тхуна цхьа а гIо? Штаташкахь дай-наной гIерта шайн берашна къоман мотт, хелхарш, даар довзийта, амма арахьара яц цхьа а гIортор", - хоьттура Мохьаммада. Шена гIо оьшу, элира цо, суьйлийн меттан материалашца а, Дагестанан исторех йолу литература гочъеш а.

Цунна жоп луш вистхиллачу ХIинжа-ГIалин мэран гIовса Алхасов Запира элира, Дагестанехь ненан меттанаш кIезиг лелабо, дукхахболу нах оьрсийн матте бирзина. Гуламхой, резабоцуш, гIаране бевлира цо ишта аларна.

Оцу юкъанна Шемара веъначу дагестанхочо, шена шайн махкахь оьрсийн меттан центр схьаелла лаьа, элира.

Дуккха а дийцира форумехь ненан маттах лаьцна. Масала, Германера еъначу даьргIичо Шамхалова Гулназис, ша догдоху, элира, Дагестанна юьстах бехачу дагестанхошна шайн меттанаш бицлург цахиларх. "Мотт бу адамах адам дийриг, матто кхуллу стагехь къоман амал, иза хааре терра кхуьу амал а, юкъаметтигаш а, Дагестане кхаьчча, цигахь хьайн мотт лелаш гича, хаьа хьуна хьо мила ву, стенгара схьаваьлла", - бохура йоIа. Шена халахета, Дагестан Малхбузено, туристашна кхераме меттиг ю аьлла, билгалъяьккхина хилар, бохура Гулназис.