ГIалгIайчуьрчу театро 2 спектакл гойтур ю Соьлж-ГIалахь

Несара, ГIалгIайчоь

ГIалгIайчоьнан оьрсийн мукъамин-драмин театро ши спектакл гойтур ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна шен Instagram-хь хаам бина цу театран исбаьхьаллин куьйгалхочо Базоркина Зарас.

Цо дийцарехь, Нохчийчуьрчу хьажархошна гойтур ю ши спектакл. Цу шиннах цхьаъ – "Из тьмы веков" (БIешерийн кIоргера) - хир ю Нурадиловн цIарахчу тетарехь, ткъа важа – "Две стрелы" (СекхаIодан ши чIу) - хир ю Лермонтовн театрехь.

Базоркинас дийцарехь, ГIалгIайчуьрчу театро Нохчийчохь спектаклш гайтар дакъа ду Оьрсийчохь дIахьочу театрийн марафонан. Цуьнан эстафета ГIалгIайчоьнера Нохчийчоьне дIаялар хир ду, боху Базоркинас кхун беттан 13-чохь.