Къилбаседа Кавказехь санна лахара дац кхечу регионашкахь алапаш

Оьрсийчоьнан регионийн коьрта шахьаршкахь мел алапа оьцу бахархоша? Оцу хаттарна жоп луш рейтинг хIоттийна «РИА Новости» агенталло.

100 гIалин могIарахь массарел а лахахь ю наханна лучу алапашца Къилбаседа Кавказерчу республикийн коьрта шахьарш: Черкесск – 99-гIа, Магас – 97-гIа, Нальчик – 94-гIа, ХIинжа-ГIала – 93-гIа, Соьлж-ГIала – 92-гIа, БуьритIе – 89-гIа. Масала, Соьлж-ГIалахь болхбечара кхушара эцна алапа, царна юккъехь декъна, юккъерчу бараме далийча, хIоранна баттахь кхаьчна хуьлу 30 эзар сом. Ткъа Москох юккъера алапа ду 100 эзар сом гергга, Сахалинехь – 90 эзар.

Оьрсийчуьрчу 8 федералан гонех алапийн барамашца тIаьххьарниг бу Къилбаседа Кавказан го.