Your browser doesn’t support HTML5
Узбекистанан Ташкентан кIоштарчу хьехархошка дIахьедар дина - хIора Iуьйранна школан уьйтIахь чубогIу дешархой ларбеш, цаьрга коьртара йовлакхаш дIадахийта аьлла.
Узбекистанан Iедалхоша хьиджабаш а, еха мажош лелорна дуьхьал йолийначу шуьйрачу кампанин цхьа дакъа ду и - керла, официалехь доцу омра.
Школашкахь а, нахана юкъахь а хьиджаб а, исламан билгалонаш а лелочарна дуьхьал къийсам болийна Узбекистанерчу Iедалхоша.
Маршо Радион узбекийн Азаттык (Радио Озодлик) редакцига кхаьчна, Ташкентан кIоштарчу дешаран декъехь йоьдучу кхеташонехь школийн директоршна, зудаберашка дешаран хьукматашкахь хьиджабаш лелор дехкийта бохуш, дIаязйина аудио.
Оцу кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу официалан шина адамо тIечIагIдина, и аудио цигара хилар. Махкахь Iедалхошна дуьхьал дош дало йиш ца хиларна, Озодликца къамел дина цара, шайн цIераш хьулйина.
Хьаькамаша хаамбарехь, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь вовшахтоьхна хилла и гулам.
Аудио тIехь хезаш ду, дешаран декъан куьйгалхочо доьшийлийн куьйгалхошка дуьйцуш, керла юкъадаьккхинчу омранах.
"Iуьйранна ворхI сахьт даьллачу заманчохь школан кетIахь цхьа стаг дIахIотто веза аш", - боху цо.
Омра кхочушдеш хиларан тоьшалла а доьху аудио тIехь къамел дечо – уьйтIахь бераш лардечу хьехархойн дахий сьурташ дахкийта боху. "Хьехархойн суьрташ а дохуш, Iуьйранна 7:15 минот ялале соьга схьадахкийта деза аш", - олу цо.
Ишта школийн директоршка кхайкхамбо хьаькамо, бусулбачийн юкъараллехь дехаш хиларе терра, хьиджаб лелочу дешархошна а, церан наношна а вас ца еш, мел а ларлуш хила бохуш.
"Оцу зудаберийн дайша лазаме тIеоьцу, хьехархочо: "Шайн коьртара йовлакхаш дIадаха" аьлча.
"ТIера хеча яккха аьлча санна тIеоьцу цара йовлакх дIадаккха алар. Цундела ас дехар до шуьга, школан кевне хьехархой-зударий хIиттор", - боху дешаран декъан куьйгалхочо.
КхиндIа дуьйцу хьаькамо, дешархочо коьртара йовлакх дIадаьккхича, хьехархочо схьа а эцна, "лерина яьшки чу дIадилла деза" бохуш.
Хьехархошна муьтIахь хила беза дешархой, церан дайша-наноша ультиматумаш хIиттон ца еза боху хьаькамо. Ша кхета боху цо, "ситуаци экаме хиларх" а, "тIедиллар чолхе хиларх" а.
Директорийн хиллачу кхеташонехь хиллачу цхьахволчо боху Озодлике, оцу керла тIедилларо хьехархойн болх совбоккху, школехь йоккху хан а яхйо.
"Iуьйранна ворхIолгIачух ах даьлча школехь хила деза боху тхоьга, хIора коьрта йовлакх долуш еанчу йоIах жоп а луш", - аьлла директоро.
Озодликан репортер зIене велира дешаран декъан администрацица, дешархойн хатI школан уставца догIуш хилийтрахьама юкъадаьккхина ду и низам элира цара.
ХIора Iуьйранна школан бертехь хьехархой латта беза, зудаберийн коьртара йовлакхаш дIа а дохуш бохург бакъ ца дира дешаран хьукматехь.
Узбекистанехь тIеэцначу керлачу низамашца, бераш уроке дахка деза школехь лелочу леринчу духарца. Ткъа хьиджаб а, кхинйолу динан атрибутика лоруш йолу хIуманаш а йихкина ю хьехархошна а, дешархошна а.
КЕРЛА ЮКЪАДАЬККХИНЧУННА ЙИНА РЕАКЦИ
Доьшийлашкахь хьиджабна дуьхьал йолийначу, официалехь йоцчу кампанино оьгIазбахийтина цхьаболу берийн дай-наной а, дешархой а, хьехархой а. ХIинцале а Iораяьлла керла тIедиллар бахьана долуш тIехь ницкъбина меттиг.
Дахначу шинаридийнахь Андижан гIаларчу математикан хьехархочун цIийндас тIелатар дина школан директоран гIовсна а, белхахочунна а, шен зудчуьнга школехь йовлакх доцуш лела аьллачул тIаьхьа.
И сурт гинчара дийцарехь, математикан хьехархочо ша йовлакх доккхур дац, шен майрчуьнга дIадалхор ду ша хIара гIуллакх аьлла хиллера. Цул тIаьхьа шен доттагIчуьнца цхьана школе веанчу цуьнан хIусамдас бейсбол ловзучу гIажца тIелатар динера школан белхахочунна а, директоран гIовсна а. Дов дерзон юкъагIоьртинчу масех хьехархочунна а тоьхна хиллера цу шиммо.
Дийцарехь, лазийнарш Андижанан дарбан цIийне бигина хиллера. Узбекхойн хаамийн гIирсаша Iорадаккхарца, дикка лазийна хиллера уьш, цхьаболчийн цергаш яьхна хиллера.
Йолчу информацица, Андижанерчу лоьмар 50 йолчу школехь хилла ю и инцидент.
КЕРЛА ДОЗАНАШ ДЕТТАР
2016-чу шарахь Iедалан коьрте Мирзияев Шавкат веанчул тIаьхьа хьиджаб ехкар мел а дайделлера аьла, дийцина Озодлике Ташкентан кIоштарчу цхьана школан директоро.
Динехь мел а маршо еллера президенто Мирзияевс, цо маьршабаьхнера динан экстремизмна бехкебина, хан токхуш болу тутмакхаш а, экстремисташ бу аьлла, Iаьржачу тептаре ваьккхина эзар стаг дIавайинера.
Делахь а, тIаьххьарчу беттанашкахь Узбекистанера хаамаш кхочу, Iедалхоша динехь дозанаш детта долийна бохуш. Кхаьчначу информацица, Коканд гIаларчу цхьайолчу школашкахь тептарш хIиттийна хьиджабаш лелочу дешархойн.
Озодлике хаамбарца, и тептарш гIалин Iедалхошка дIакхачийнера, берашца а, церан дайшца-наношца а кхетош-кхиоран болх дIабахьийтархьама.
Ташкентехь а, Наманганехь а милцоша рейдаш дIаяьхьна базаршкахь, еха мажошца болу кегийрхой лоьцуш, церан мажош дIайошуш аьлла, информаци а кхаьчна Радион редакцига.
Материалан автор узбекийн Озодлик сервис