Ши адам делла, пхиъ лазийна Нохчийчуьрчу некъахьовзамехь тахана

Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Теркйисте боьдучу новкъахь, Горагорск юьртанна дехьа, Долинское юртанна гергахь вовшахкхетта ши такси-машен, хаамбо Маршо Радион хьостанаша.

Оцу некъахьовзамехь делла ши адам. Царех цхьана машена чохь велларг ву Элин-Юьртара Датиев Халид, шолг1ачу машена чохь еллачу зудчуьн цIе билгал ца яьлла Маршо Радиона. Пхи стаг лазийна, дарбанцIийне виллина. Бохам толлуш ю полици.