Your browser doesn’t support HTML5
Соьлж-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро дуьйцу жинаш арадоху а, палтуьйсу а зударий емалбарх лаьцна.
2013-чу шарахь Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гуш-хезаш дов дира Соьлж-ГIалан Октябран кIоштан префектан когаметтана Абастов Ахьмадана. Бахьана ша-тайпа дара. Абастов бехке винера Невран кIоштахь ехачу, "жинашца тайна" ю, бохуш юьйцучу зудчунна 30 туьма даларна, нохчийн лидер шена тIеверзо, цо ша культуран министран я дешаран министран дарже хIотторе сатесна.
Телевизинехула гайтинчул тIаьхьа Абастов балхара дIаваьккхира. Кадыровс хьехар динера цунна "вон ницкъех" маьршавала дарба леладайта Соьлж-ГIаларчу исламан медицинан центре гIо аьлла.
Кхин а 6 шо даьлча " Ӏазап латтор" юхадирзина ЧГТРК "Грозный" телевизионе. Кхушара Гезгмашин-баттахь Соьлж-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама телесюжетехь емалйира цхьа зуда жинашца тарна.
Цуьнгара дIадаьхнера иттаннаш клиентийн сурташ а, холмачаллана лело догIанаш а, керлачу кешнашна тIера эцна латта а, дийнатин мочхал а, хьаьжкIаш а, иштта дIа кхин а. Сурташ тIехь болчу нехан яьххьаш ийхьира телевизионехула, хьул а ца еш.
Цул тIаьхьа Нохчийчуьрчу телеканаша гайтина масийтта "жинашца тайна" боху зуда а, царна тIе баха аьлла бехке бахана лаьтта нах а. Амма наха цакхетамца лелийнарг хIунда гойту берриг а республикерчу бахархошна? ХIунда довзуьйту цу наха шайна къа латор ерриг а юкъараллина?
Цунах лаьцна хаьттира Кавказ.Реалиино Соьлж-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьре, цу видеосюжеташкахь дакъалаьцначу Эльжуркаев Адаме.
10 шо хьалха кхоьллинчу цо куьйгалла дечу центрехь "бусалба дино ма бохху" дарба леладо цхьацца цамгаршна. Кхузахь а бу болх беш "жинаш лохку" говзанчаш.
– Адам, палтуьйсучу зударшна дуьхьал компани билггала хIинца йолоран хIун бахьана ду?
– Кху тIаьхьарчу пхеа-ялх шарахь цу палтуьйсургех а, холмачхойх а зенаш хуьлучу нехан терахь алсамдолуш ду. Цхьаберш царна тIеоьху уьш дарбанчаш бу моьттуш. Амма уьш дарбанчаш боций, аьшпашбуьттурш буй хиъча, шайна зен хиллий хиъча, уьш тхо долчу богIу.
Цу наха шаьш Делах тешаш ду боху. Палтуьйсучу зударшна тIеэхар доккха къа лоруш ду дуккха а динашкахь, амма адамаш, хIунда делахь а, царна тIеоьху, адам динна тIера дIадуьгу мел доккха къа иза делахь а.
– Низаме диллича хIун статус ю, аш холмачалла лелийна, бохуш бехке бечу цу зударийн? Телесюжеташкахь дийцара уьш лецна, амма билгадоккхуш дацара хьа лецна и нах бохург.
– Карарчу хенахь царна бехкедиллинарг ду нах Iехор. Нах бу кехата тIехь латкъам бина болу, цара шайна зен дина аьлла, Iеха а дина шайгара ахча даккхарна. Талламан комитето а, прокуратуро а къастор ду царца дерг. Ас сайн гIуллакх дон, ткъа цара дон шайн гIуллакх.
– ЧГТРК "Грозный" телевизионехь иштта емал хIунда дон палтосучарна тIеоьху адамаш? Иза церан шайн гIуллакх дац, шайн луучу бахар а, къинош летор а?
– ХIа-хIа, иза нийса дац! Коментарешкахь и хаттар сих-сиха ло тхоьга а. Ас оцу хаттарна дуьхьал хаттар лур дара. ХIун башхалла ю холмачхочунна а, цуьнан клиентанна а юкъахь? Холмачхочо шен са доьхкина йилбазна, цунна хаьа ша лелориг хIун ду.
Ткъа холмачхочунна тIевоьду стаг кхечу адаманна зулам дан лууш воьдуш ву, адам талхо лууш воьдуш ву. Вуьшта аьлча, оцу стага кхин стаг воь маситта шарахь. Цундела башхалла яц иза холмачхо велахь а я холмачхочуьнан клиент велахь а.
Нагахь цхьа стаг галваьлла кхаьчнехь холмачхочунна тIе, оха иза ца гойту телевизионехь. Цу стагана, холмачхо а воцуш, дарбанча, я бецашца дарба лелорхо ву моьттина хир ду ша тIевоьдург. Оха телевизионехула гойтуш болу нах биллина тIеоьхуш бу холмачхошна.
Ас маситтаза варе бинера уьш. Адамо къа латош делахь и къа ду цунна а, Даллана а юкъахь. Иза цуьнан шен гIуллакх ду. Амма и къалатор кхечу адамех хьакхалуш делахь, тIаккха, бехк ма билла, низамашца а дан мегаш дац иза.
Масала, дуьххьара вахабиташа шайн идеологи яржийра, цул тIаьхьа адамаш дайа буьйлабелира уьш. ХIун башхалла ю ваххабиташна а, холмачхошна а юкъахь? Царах цхьаболчара сихха бойу нах, вукхара бойу уьш шерашкахь. Дуккха а нах бу цара могушалла талхийна. Оцу цамгарша ша шена тIе куьйг дахьийтинарш а бу. ЖамI цера цхьаъ ду, кепаш тайп-тайпана ю.
– Нагахь баккъалла а и холмачхой оццул ницкъ болуш белахь, цара хьайна сардам болларх ца кхоьру хьо?
– Шайга дан делча тоххара дина хир дара цара иза. Ца кхоьру.
"Цамгар кхеттачу нахана гIенах го текхаргаш, жIаьлеш я шаьш Iинах бахар"
– Ткъа, палтуьйсучу зударшна тIе а ца боьлхуш, шу долчу исламан центре хIунда бахка беза нах? Адамаш муха кхетадо аш цунах?
– Адамаш баланаш хьоьгуш ду нерваш талхарца доьзна: гӀайгӀано, балано таӀийна латтар, хьекъалца эшар. Цхьаберш бер ца хуьлуш бу, вуьйсуш маре баха я зуда яло аьтто боцуш бу. И халонаш оьций палтуьйсучу зударшна тIеоьху уьш. Амма, цкьа дуьххьара лоьрашна тIебахана уьш хьажийта беза.
Цул тIаьхьа, лоьраша шайна хIумма а ца карийна аьлча, тхо долчу бахка беза уьш. Цамгар я медицинан бахьана долуш я оха дарба лело бахьана долуш хуьлу. КхоалгIаниг аьшпашботтар ду.
– Нагахь гергара нахана шайн стаг жинийн хьу кхетта ву аьлла хетахь, дуьххьара лоьрана тIе хьажавой аш иза? Психиатрин говзанчашка таллам байта, масала?
– Нагахь стаг тхайна тIе вагIахь оха маситта хаттар ло цуьнга, нийса диагноз хIоттор Iалашонца. Билгалонашца хаьа тхуна иза тхайн дархо ву я лоьрийн дархо ву. Нагахь цуьнан цамгар медициница йоьзна ю аьлла тхайна хетахь лоьрана тIе хьажаво оха иза.
– Ткъа муьлхачу билгалонаш хоуьйту шуна и стаг шун дархо хилар?
– Билгалонаш иштта ю: молханаша гIо а ца деш, хаддаза коьртехь лазарш хилар, хоттаршкахь лазарш хилар, кьуйгашна, когашна чуьра са дIадалар, догкерчар, гӀайгӀано, балано таӀийна латтар. Урс хьоькхуш санна гайна лазарш деттар. Цамгар кхеттачу нахана гIенах го текхаргаш, жIаьлеш я шаьш Iинах бахар.
– Билггала жин муха эккхадо аша?
– Дезачу Къуранан тIера билгалдинчу сураташна тIера билгалдина аяташ доьшу оха.
– Католикийн, масала, оцу хьашташна ша тайпа Iадат ду лелош, экзорцизм олуш. Ткъа исламехь жин эккхоран кеп массера а цхьаъ ю, я хIора дарбанчо шен кеп лелайо дархочун гIо деш?
– ХIоранна а шен кеп хила мега лелош, амма иза бусалба динан барамашкахь хила еза. Лело кеп мухха ялахь а доIанаш дан деза цо. Оха, масала, хаза хьожа яржаен хӀума ягайо, леладо моз а, зайтдаьтта а, хIинцца яьккхина шура а, ткъа иштта лараме аяташ тIехь дешна хи а.
"Йилбазо ца къестабо нах атеисташ а, Делах тешарш а, Делах цатешарш а, бохуш"
– Ахь айхьа маса жин эккхийна?
– Дагарлур дац соьга…
– Иттаннаш я бIаьннаш?
– БIаьннаш. 2005-чу шарахь дешна ваьллачул тIаьхьа дуьйна и болх беш ву со.
– Ткъа мича доьду жин, адаманна чуьра эккхийначул тIаьхьа?
– Вайн дуьненца цхьаьна цхьанахеннахь долчу, амма цунах дозуш доцчу дуьнене доьду. Жинаш кху дуьненчохь дехаш хилла вайл а хьалха, амма кхечу вайчуьнах дозуш доцчу дуьненехь. Уьш коьртачу декъан деха гIайренашна тIехь а, хьаннашкахь а, адамаш доцчу меттигашкахь а. Амма тIаьхьарчу хенахь уьш адамашца а даха дуьйладелла, царна чу а дуьйлуш.
– Ша эккхо гIертачу стагана жин чудулуш меттиг хиллий?
– Дера хилла. Амма и болх беш волу стаг динца лела везаш ву, ша а, шен доьзал а доIанаш а дешна ларбан беза цо. Даккхийн къинош леторах ларвала везаш ву иза. Ткъа оцу стага и низам дохийча, я доккха къа латийча, жинаш цунна чудовла мега, цунна бекхам бан.
– Ткъа и тайпаниг хилча, муха дIадоьрзу иза?
– Аьтто бу стаг цунах хьалхаваккха. Амма жин даима а хуьлу цунна бекхам бан лууш, кхерийна я дегIан межена зен дина. Бер ца хуьлу наха тхоьга гIо доьхуш меттигаш яьхкина, медицинан агIор уьш могуш хиллехь а. Ас таллам бича, тхо кхийтира, церан лазар царна дуьхьал холмачалла лелийна хиларца доьзна хиларх.
Дарбанан цхьа-ши сеанс дIаяьхьначул тIаьхьа, Делан гIоьнца, и нах хIинца доьзалхой хуьлуш бу. Тахханалц тхуна баркаллаш бохуш бу уьш, ткъа церан бераш карарчу хенахь школе лелаш ду.
– Шуна баркалла алар сих-сиха нислой?
– Массара а баркалла олу тхуна. И нах бала хьоьгуш хуьлу шершакахь. Цхьа а хуьлуш дарба а доцуш, шерашкахь лоьрашна тIелела уьш, даккхийна ахчанаш а дойуш. Ткъа тхуна тебаьхкича царна Делан пурбанца дарба хуьлу. Оха лелориг Делан дуьхьа а бен дац. Тхан исламан медицинан центр болх беш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо лучу ахчанах. Адамийн аьтто бу кхузахь мехаза дарба каро.
– Ткъа стаг атеист велахь жинаш вуьтур вуй иза, хьен а ца веш?
– Йилбазо ца къестабо нах атеисташ а, Делах тешарш а, Делах цатешарш а, бохуш, цунна коьртаниг хьо адам хилар ду. Адам йилбазан мостагI ду. Йилбазо тIом кхайкхийна адамашна, Везавоккхачо ша ялсаманера эккхийча.