Боксер Бетербиев тасалур ву Филадельфехь украинхойн латархочуьнца

Бетербиев Артур

Iамеркан Филадельфи гIаларчу Liacouras Center аренехь тасалур ву пIераскан буса нохчийн латархо Бетербиев Артур а, украинхо Гвоздик Александр а. ХIинцале а йирзина коьртачу шина латархочу дегIан йозалла узуш официалан процедура. Шинан а боксеран цхьатерра 78, 9 кила барам гайтина.