Оьккхуьйтург лелийначу вахархочунна хан тоьхна Соьлжа-ГIалахь

Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело набахтехь даккха цхьа шо хан тухуш, 10 эзар сом гIуда такха тIедожийна меттигерчу вахархочунна, цо шегахь оьккхуьйтург Iалашъярна. Чоьхьарчу гIулакхийн министраллан хаамашца, шеца граната а йолуш, полисхоша дIалаьцна хилла и стаг Соьлжа-ГIалин урамехь аьлла, "Кавказский узел" агенталле дийцина министраллан векало.

Бехкзуламан кодексан 222.1-чу артиклан 1-чу декъехь (бакъо йоцуш оьккхуьйтург эцар, лелор) жоьпалла дожийна цунна тIе.

Оцу артикло пхеа шаре кхаччалц хан кхачайо, амма цунна дина таIзар "тIех кIеда ду" аьлла полицин белхахочо.