Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам а, Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочуьнан когаметта Хакимов Хьасан а хилира СаIудийн Пачхьалкхехь пачхьалкхан визит дIахьош волчу Путин Владимиран делегацина юкъахь.
Нохчийн Iедалхой уггар къасташ бара цу делагина юкъахь, шайн духарца. Кадыровс баркалла элира Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна, ша официалан делегацина юкъахь Iаьрбийн махка вигарна.
"Ас даггара баркалла боху тхайн къоман лидерна со официалан делегацина юкъатохарна, кху "эпохан" хиламан декъашхо хила сан аьтто беш. Эр-Риядехь вуно йоккхачу йовхонца а, лаккхара тIегIа долуш а тIеийцира тхо. Визит вуно дика кечйина яра", - бохуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхо.
Кадыровна юххебевлла бара кхин болу цуьнан белхан накъостий, масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iаьрбийн пачхьалкхашкахь векал волу Даудов Турко. Цуьнцца, кхин а 10-х стаг а эцна, Кадыров вахара Медине, Мухьаммад пайхамаран коша тIе хIоьта.
Гергарчу Малхбале визит дIахьош нохчашка дакъалацийтар ларамаза хилла дацара. Путинан а, СаIудийн паччахьан а цхьаьна хIумакхалларшкахь Кадыровс дакъалацаро а, ткъа иштта Путина, нохчаша иза деш ма хиллара маралелхаро гойту делегацин Соьлж-ГIаларчу декъаш шен Iалашо хилла хилар.
Билггал аьлча, цо гайта дезаш дара Путинан визиташкахь Оьрсийчуьра бусалбанаш дакъалоцуш хилар а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан куьйгалло уьш лоруш хилар а.
Визит дIахьош Кадыровс массерна гуш-хезаш гайтара шен тешаме юкъаметтигаш хилар паччахь хир волчу принцаца бен Салман Мухьаммадца. Принцо мор баржийна тIеийцира иза, ткъа Кадыровс кхайкхира принц Соьлж-ГIала хьошалгIа. Бен Салмана реза хиларца тIеийцира, ша Нохчийчу кхайкхар, оццу сохьтехь хан билгал цаяьккхинехь а.
Цу тайппа сурт дара Эмираташкахь хиллачу официалан мероприятешкахь а. Iедална куьйгалла дечу эмиран ваша, верасан принц аль Нахайян Абу-Даби Мохьаммед а, цуьнан доьзалера нах а къасттина довха маршаллаш хоьттуш бара Кадыровга. Оьрсийчоьнан делегацера кхин болу декъашхой, оьзда куьг а луш, тIеийцира цара.
Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо шайн визит "труимф" яра бохуш посташ хIиттор эмоцешца доьзна лара мегар ду. Кхечу пачхьалкхашкара лидерш а тIеэцара СаIудийн Пачхьалкхехь Путин тIеоьцуш лелийначу схемица. 2017-чу шарахь Эр-Рияде Iамеркан президент Трамп Доналд вар дагалаьцча, ала хала ду Путнна цу махкахь тIех сов хьошалла дира аьлла.
Вевзаш волчу нохчийн политологана Бено Шамилна хета Оьрсийчуьрчу бусалба нахах Путина пайда оьцу аьлла Гергарчу Малхбалеца юкъаметтигаш дIанисйеш.
"Дуьйцург ду Оьрсийчуьрчу юкъараллехь хьал дIанисдан пайда эца беза мехкан бусалба нахах лаьттачу декъах, бусалба нах бехачу пачхьалкхашца юкъаметтигаш дIанисйеш аьлла, 2000 шераш дуьйлалуш дуьйна юьхьарлацнарг", - боху Бенос.
Нохчийчуьрчу юкъараллан жигархочун Караев Русланна хетарехь, делегацина юкъа нохчий тохар дика билгало ю. Караевс дийцарехь, цо гойту федералан центро нохчашца йолу шен юкъаметтигаш дикачу агIор хийцина хилар.