Стаг верна бехкевина, лаьцна латтийна Сайнароев арахецна Украинерчу кхело

ГIалгIайн жигархо Сайнароев Салман лаьцначуьра дIахецна Киеверчу Дарницкан кIоштан кхело, цIера дIасавалар а доьхкуш, когах электронан хIоз а бихкина. Ша Сайнароевс бина цунах хаам "Кавказ.Реалии" портале.

"ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхо Чубаров Рефат а, шейх Мансуран цIарахчу батальонан хьалханча ЧIебарлойн Муслим а юкъа а хIоьттина, арахецна со", - аьлла Сайнароевс.

Стохка ГIадужу-баттахь дуьйна лаьцна вара иза, Киевехь ювелиран туькан хадархо а вуьйш, цу чохь къола динчу тобанца хилла ву аьлла, шеконаш кхоллаелла. Талламчийн версица, Сайнароевс ювелиран туькана тIелатар дина стохка Марсхьокху-баттахь шеца цхьана ГIалгIайчуьра Орцханов Мурад а, Мальсагов а волуш. Сайнароев лаьцначул тIаьхьа масех де даьлча каравеанера Орцханов а.

Полисхоша чIагIдо, зулам динчу меттигера гулдинчу тоьшаллийн ДНК экспертиза йича, Сайнароев бехке ву бохуш. ХIинццал схьа и цхьа улика яра цунна дуьхьал. Сайнароевгара а, зулам хиллачу туьканара а тоьшаллаш оьцуш процессуалан низамаш дохийна аьлла, дIахьедо Сайнароевн адвокаташа. Уликаш фальсификаци ю аьлла, хета царна.

Украинан Инарла прокуратурано Оьрсийчоьне дIавеллачу Къилба ХIирийчуьрчу Тумгоев Тимурна а, кхинболчу Къилбаседа Кавказерчу бахархошна а гIо динарг а Сайнароев лору талламчаша. Росфинмониторинго экстремисташ бу аьлла, тептаре язбинчу нахалахь а ву Сайнароев.