Муьлха психикан лазарш ду Къилбаседа Кавказерчу регионашкарчу бахархошкахь? Дукха хьолахь говзанчашна тIе хIун бахьанашца оьху божарий, мича проблемашца тIелела зударий? Дукха хьолахь, хIунда ца боьлху психологашна тIе? Лаккхарчу говзаллин лор-психотерапевт, психиатр-нарколог ву Къилба ХIирийчуьра схьаваьлла Бесаев Эдуард. Санкт-Петербургерчу Павловн цIарахчу неврозийн Клиникехь итт шарахь болх бинчу цо жоьпаш делира "Кавказ.Реалии" порталан корреспондентна оцу лакхахь хIиттийначу хеттаршна а, ишта кхечарна а.
- Къилбаседа Кавказехь говзанчаш ца хиларал совнах, психиатрна йа психотерапевтна тIеваха ийзало сташ, ша нахалаваларна кхоьруш. Эхь ду аьлла хета и лазарш шеца хилча а. Минводехь а цхьана хала хуьлу-кх психотерапи ян нах вовшахтоха. И регион жима ю, цундела "ша наха вийцарна кхоьру" массо а. Цул совнах, Къилбаседа Кавказехь мича барамехь ду а ца хаьа психикан цамгарш. Психиатрих пайдаоьцуш Iедал а дац. Нагахь санна, ша лелориг хIун ду а ца хууш, урамехь цхьалха а ваьлла, марсианаша тIелатар дина вайна бохуш, стаг дIасауьдуш велахь, йа ша шена тIе куьйгаш дахьарх иза дийца волавеллехь, тIаккха гергарчара дарба лоху шайн стагна.
- Хьуна тIеоьхучу зударша хIун далхадо хьоьга?
- Шайн эмоцеш гайта а ца еза, шайна хетачух а, шайн хьежамех а лаьцна дийца а ца деза аьлла хета царна. Уьш кхоьру шайх цакхетарна, наха шайна бехкаш дахкарна, шаьш емалдадарна. Доллу тайпа-тукхумо хьийзор ма буй уьш тIаккха, бехкаш дохуш. Цундела, шалхаллаш лелон дезаш хуьлу церан, шаьш ма-дарра хила йиш йоцуш. Iаламат хала ду царна. ГIуллакх гена даьлча, кхин шайн дан амал ца хилча, тIаккха орца доьху зударша.
Дукха хьолахь, хIусамехь дас-нанас, вежарша йа хIусамдайша ницкъбо царна. Жимчохь дуьйна божаберна чу дуьллу, стаг даим а бакъ ву, ткъа зуда гуттар а цунна муьтIахь хила еза бохуш. Масала, нагахь санна йоI цхьа корматалла караерзон лаам болуш елахь, да-нана реза доций цуьнан харжамна, цара могуьйтур дац цунна луург. ТIаккха доьзалехь ницкъбар а цхьа юкъара хIума санна хета царна. Ас хоьтту цаьрга: "Ишта муха деха шу?" Цара боху, доьхна хIуммаъ дац. "Шена еза дела ма туху цо!"
- Ткъа божарийн хIун проблемаш хуьлу?
- Кегийчу хенахь дуьйна хьо гIийла хила мегар дац, хьо борша стаг ма ву, хьайна тоьхначунна дуьхьало ян еза ахь бохуш, Iамаво иза. Боьршачу стагна атта хуьлу, цунна мега ренегат хила а, шен доьзална дуьхьал вала а. Ткъа зударийн шанс янне а яц.
- Ткъа кхетий и нах, шайн Iер-дахар а, шайна марзделларг а цкъацкъа царна шайна а, шайн берашна а дуьхьал долуш хиларх?
- Иштаниг а нисло. Дайша-наноша бехкаш дохуш меттигаш нисло: даим а тхан бага хьоьжуш хилла доьзал хIинца шен лааме баьлла, ахь царна дан хIун дина олий. Масала, нагахь санна кавказхойн доьзал Санкт-Петербургехь бехаш белахь, оцу доьзалерчу берана цхьа кеп го, тIаккха цо дусту и хьал школехь гучуьнца. ТIаккха дуьхьал волу иза дена-нанна а, йоллу доьзалан системана а. ХIунда аьлча, тайпа-тукхумах доьзна ма хуьлий да а, нана а. Нагахь доьзалхо шаьш хIиттийначу гурашкара даьлла хаалахь, цара ницкъбо цунна, тIеIаткъамбан гIерта: оха хьо Iамийна, хьо кхиийна бохуш, контрол латтайо цунна тIехь. Оцу ницкъбаро кхиазхойн психикана чов йо, сингаттаме воккху иза.
- Оцу ситуацешкахь ахь хIун до?
- Массо а дайшна, наношна шайн берана дика болх хила лаьа. Вай вовшашца бертахь хила деза олу ас, оцу беран дахар аттачу даккха лууш делахь. Нагахь аш дуьхьалдохучу некъашца ницкъ ца тоахь, цхьаний ойла яй вай олу ас. Цу методикано а гIо до.
- Исламан медицинан клиникашкахь, масала, Нохчийчохь, жинаш дIадоху бохуш, цу кепарчу психикан цамгаршца къийсам латтабо. Цо гIо дой?
- Цхьацца болчу меттигашкхаь гIо хила тарло. Масала, физиотерапи оьшу нагахь санна, кIозйохург озийнехь. Ткъа меже кагйина елахь, физиотерапех дарба хир дац. Жинаш лахкар цхьа гипноз яр санна хIума ду. Массо а лазарна дарба ца хуьлу цунах. Дарба ден цхьа гIирс-м бу иза а, хIаъ. Оцу клиникашкахь и цхьаъ бен цахилар, и ду доьхнарг. Цамгарш кеп-кепара ма хуьлу.
Къамел динарг "Кавказ.Реалии" порталан корреспондент Михальченко Лидия