Машенаш уггар дукха хоьхку Нохчийчохь

Гайтаман сурт

Оьрсийчохь бинчу талламо гайтарехь, 2019-чу шарахь юккъера барам схьаэцча хIора Нохчийчуьрчу машено некъбина 19,2 эзар километр. Цу гайтамехь республика ю хьалхарчу меттехь.

Луларчу республикашкахь - Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергизийчохь а, ГIалмакхайчохь а - и гайтам бу 17 - 17,5 эзар километр. Нохчийчохьчул а шозза гергга боца некъ бо Чукоткерчу бахархоша – 10,2 эзар километр.

Цу тайпа хаамаш губина «Автостат» сайтан эксперташа, юхкуш йолчу 2 миллион сов машенан гайтамаш а теллина.