Нана а, цуьнан 5 бутт кхаьчна бер а дуьйш хиллачу некъан бохамехь дакъалаьцна волу стаг витина кхелхинчеран доьзало Нохчийчьурчу Гуьмсан-кIоштахь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, республикерчу динан урхаллана тIе а тевжаш.
Муфтиято бинчу хаамца, Гуьмсан кIоштан къедас Абдулмуслимов Амира дакъалоцуш хиллачу маслаIатехь кхелхинчу ненан а, беран а гергарчара бехкана геч дина витина 25 шо долу Гуьмсера вахархо.
Стаг витарехь дакъалоцуш хиллачу наха баркалла аьлла догдикалла гайтинчу кхелхинчеран доьзална а, гергарчу нахана а.