ГIалгIайчуьрчу бусалба динан Центро (муфтият) апелляцин латкъам бина ша дIаяккха республикан Лаккхарчу кхело сацам барна. И латкъам хьажийна Сочехь йолчу КхоалгIачу апелляцин кхеле, хаам бо Кавказ.Реалиино, муфтиятан векална Ахриев Гапурана тIе а тевжаш.
Дагадоуьйту. 2015-чу шарахь ГIуран-бутт чекхболуш цу хенахь ГIалгIайчоьан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека критика йира республикерчу динан урхаллина, муфтега Хамхоев Iийсага дарж дитар а доьхуш.
2018-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 27-хь ГIалгIайчоьнан муфтиято сацам бира Евкуров Юнус-Бек бусалба юкъараллан юкъара дIаваккха, цо Магасехь маьждиг дан гулдина ахча стенга дахана диццалц а, динан урхалла хьокъехь харцо лелор сацадаллалц а аьлла. Цу кехатна тIе куьг таIийнера муфтийс Хамхоевс.
Хамхоевс куьйгалла дира гIалгIайн муфтиятана 15 сов шарахь. КхоазлагIа а иза цу дарже хаьржира 2014-чу шарахь Товбецан-баттахь. 2019-чу шарахь Товбецан-бутт болалуш республикерчу маситта эвлан имамо дехар дира Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре дукха хан йоцуш муфтиятехь бина талламаш бакъонца бу-бац къастор.
Кхушара Товбецан-беттан 17-хь Iелам нехан а, республикерчу имамийн а Кхеташоно (Хамхоевн метта) муфтий хаьржира Мартазанов Iабдурахьман. Муфтиятехь 20 шарахь къеданашна куьйгалла дина вара иза.
ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу Кхело Гезгмашинбеттан 16-хь юстицин министраллан республикерчу урхаллан дехарца сацам бира, бусалба динан Центр (муфтият) дIаяккхар хьокъехь. Суьдан векало бинчу хаамца, пачхьалкхан цхьааллан реестрна тIера иза хIинца дIайоккхуш ю юридикан юкъаралла санна.