Гадаев Мохьмад-Салахь. Дай баьхна латта

Гадаев Мохьмад-Салахь

Дай баьхна латта

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. Дай баьхна латта


ХIар ду-кха
Сан хьоме
Дай баьхна латта:
Чехка Терк,
Токх аре,
Хьена рагI,
Лаьмнаш.

Iуьллу и дегIана,
БIаьргашна аьхна,
Малха кIел баржийна
Къорза куз санна.

Имама Шемала
Сийдина латта!
Шериповс шен цIийца
ЦIийдина латта!
Хийла кIант хьийзина,
Хийла лом цIийзина
БIешерийн баланаш
Бохийна латта!

Хьенан дог деладац
Хьеначу лаьтто –
Хьоьжуш а,
Хьоьшуш а,
Хьедеш а нохца;
Iуьйренца ловзадеш,
Суьйренца товжадеш,
Эсала маргIал цо
Ластош а мохца.

Сийна кIаш
ТулгIедевлла,
Бай боьлу
Зазца.
Аренаш юттуш ду
Цаьпцалгийн оза;
РегIан варш,
Ломан хьун
Кегаеш, дека
Жимчохь ладийгIина
Аз девза хьоза.

Берахь бIаьрг биттина,
Къоначохь хьиэшна,
Къанвелча, тIехдезна
Къонахийн латта!
Хьенан дог детталац,
Хьеречу наха
Хьарам куьг кховдийча
Хьаналниг датта?

Доттур дац,
Хьомсарниг! –
Маьрша хьан кIентий,
Майрра дIахIиттина,
МостагIа човхо.
КIентийн дог
Дахчадан,
МостагIий
Чахчабан,
Боккха ницкъ
Беца хьан,
Дайн лаьттан
Йовхо!

Иштта ду-кх
Сан хьоме,
Дай баьхна латта:
Шийла хиш,
Ийна кхаш,
Сийна гIаш,

Хьаннаш.
Деза и мерза ду,
Ваха ду атта –
Къорза куз
Санна гун
Дай баьхна латта.