Brand Analytics : СинпаргIато яц нохчашкахь а, гIалгIашкахь а

Дуьненан "ирсан рейтинг". Гайтаман сурт

Экспертийн Brand Analytics центро ша хIора шарахь хIоттош хуьлу бахархойн «синпаргIатонан рейтинг» хIоттийна Оьрсийчохь кхушара а. Цо регионашкахула зийна нехан юкъаметтигаш, вовшашка йолу дегайовхо, хьагI-гамо.

Социалан машанашкахула наха вовшашка муьлхачу меттигашкахь алссам къадабо ларам, я цабезам, теллина центро. «Ас къобалдо», «суна хазахета», «ирс ду», «со воккхаве/йоккхае» бохучу дешнаша лакхаяьккхина рейтинг, я йожийна «суна ца деза», «ца тов», «сан догдетIа» бохучу дешнаша.

Рейтинган хьалхарчу шина меттехь ю Оьрсийчоьно Украинера аннексица схьаяьккхина Севастополь а (индекс -6,5), ГIирма а (6,3).

Юьрсийчоьнан юкъара индекс 4,7 ю. Кавказерчу регионашлахь Краснодаран мохк бу рейтингехь хьалхараниг (6,0).

Амма ерриг а Оьрсийчохь уггаре лахара ю «синпаргIатонан рейтинг» гIалгIашлахь а (3,5), нохчашлахь а (3,7).