Карабулакан мэро дарж дитина

ГIалгIайчуьрчу Карабулакан мэро Битиев Ахьмада кхаа шарахь шегахь латтийна дарж охьадиллина. "Интерфакс" агенталло бина цунах лаьцна хаам, гIалгIайн куьйгалхочун администрацин векалан информацех пайда а эцна.

"ГIалин кхеташоно къобалдина Битиевс гIант мукъадаккхар. Шен лаамехь кехат яздина цо дарж охьадуьллуш", - аьлла администрацин векало.

Ханна мэран декхарш кхочушдийр ду Осканов Мохьмад-Башира.