Прокуратуро толлуш ду Жимачу АтагIахь хилла эккхар

Гайтаман сурт

Нохчийчохь таллам болийна Шелан кIоштарчу Жимачу-АтагIахь Госхозная урамерчу гIишло чохь эккхар хилар бахьана долуш, хаам бо "Грозный информ" агенталло, меттигерчу прокуратурина тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, цу чохь дIатаръелла хиллачу фельдшерийн амбулаторан пунктан пенаш чуэгна. Вийна а, лазийна а стаг вац.