Нохчийчохь къайлаваьлла Эльджаркиев вийнарг - Baza

Москва, Эльджаркиев вийна меттиг

Экстремизмца къийсам латторан центран ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхо, лецначу нахана ницкъ барца вевзаш хилла Эльджаркиев ИбраьхIим вийна стаг Нохчийчохь къайлаваьлла. Цунах лаьцна яздо Baza телеграм-канало.

Цуьнгахь болчу хаамашца, Лахьан-беттан 4-хь полисхо Эльджаркиев а, цуьнан ваша а вийна 2 де даьлчул тIаьхьа и стаг, таксица Внуково аэропорте а вахана, кеманца цIавирзина.

Талламхоша юьхьарлаьцна йолу коьрта верси ю стохка ГIуран-беттан 31-хь БелхароевгIеран доьзалера ИбраьхIим верна бина бекхам бу иза аьлла. Baza телеграм каналан авторша дийцарехь, Эльджаркиев вийна стаг Нохчийчу вахаран бахьана ду Белхароев ИбраьхIим цу республикан куьйгалхошца гергарло лелош хилла хилар.

ЧIагIдарехь, полицино таллам бина Внуково аэропортехь камераша дIаязйинчу видеошна. Царна тIехь гучуваьллачух тера ду, Эльджаркиев верна бехке ву аьлла шеко йолу стаг. Кеман тIе хууш цо пайда эцна харц кехатех.