Къайлаха Iамерке кхача гIоьртина оьрсий лазийна дозанхочо

Iамеркан Мексикица доза. Гайтаман сурт

Мексикера Цхьаьнатоьхначу Штаташка кхача гIоьртина Оьрсийчоьнан махкахочун чов йина Iамеркан дозанхочо. Инцидент хилла Аризона штатехь кху беттан 14-чу дийнахь, амма хаам бина цунах тахана. Цу хаамехь билгалдоккхуш ду ша схьалоцуш оьрсий дуьхьало ян гIоьртина хиларх лаьцна.

Техас штатерчу Оьрсийчоьнан консульство бинчу хаамца, чов хиллачу стеган цIе ю Глущенко Евгений. Цуьнан ду 37 шо.

ТАСС агенталло Аризона штатан Iедалшна тIе а тевжаш дийцарехь, и стаг лерринчу центрехь латтийна хилла стохка Гезгмашин-баттахь дуьйна, берах йолчу шен зудчуьнца Iамеркан доза хадо гIоьртинчул тIаьхьа.

Кхушара Оханан-баттахь, кхело бинчу сацамца, цунна депортаци ян езаш хилла Оьрсийчу. Амма иза кхочуш дина я цадина хууш дац.

Карарчу хенахь Глущенко госпиталехь ву. Миграцин низам шозлагIа а дохорна набахте хьажо мегаш ву иза.