"Кадыровх легенда ала тарло. Тумсох а санна"

Абдурахманов Тумсо а, Кадыров Рамзан а (коллаж)

Your browser doesn’t support HTML5

"Кадыровх легенда ала тарло. Тумсох а санна"


Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Романова Софья

Нохчийчоьнан бахархоша дийцина, республикан куьйгалхо "гIараваьлла стаг" хета шайна аьлла.

Красноярскан таIзар кхочушдаран федералан урхаллан "Ермак" олучу декъан спецназхо хиллачу, Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцначу Перов Максима дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан "дуьненахь а гоьваьлла стаг ву" аьлла. "Спорт-экспресс" хьостана еллачу интервьюхь дина цо цу кепара дIахьедар.

Социалан машанашкахь дийцаредан бахьана хIоттар, Перовн и дешнаш хилла а ца Iа. ТIаьхьарчу кIиранчохь нохчийн урхалхо "дуьненчохь а легенда ву" аьлла, цкъа хьалха Кадыровх кхаьрдаш клип яьккхина, цул тIаьхьа шена гечдар дехначу блогеро Тилэкса.

"Кавказ.Реалии" портало хаттам бира Нохчийчоьнан бахархошка, царна хетий-те шайн мехкан куьйгалхо сил чIогIа гIараваьлла, лараме.

"Легенда ала тарло стагах, нагахь санна, дикачу агIор цо цхьа хийцамаш бинехь, шен доллу дахар мехалчу гIуллакхашна хьажийна цуьнан хиллехь. Ас юьйцурш яц, мича ахчанах йина а ца хууш, хIалайина керла гIишлош. Бакъду, Кадыровх ала йиш ю легенда. Тумсох а санна. Цу шинна юкъахь башхалла хIун ю аьлча: цхьаъ серлонехьа гIерта, важа боданехьа", - аьлла Соьлжа-ГIаларчу 37 шо долчу Муслима. Цунна хетарехь, оцу шиннах аьлча, ларам Тумсога бу, "хIунда аьлча, иза волалучу заманчохь цунна тIехIоьттина стаг а вацара, ткъа Кадыровх ишта олийла дац".

"Нагахь вай буьйцурш, кху лаьтта тIехь цкъа мацца а баьхна нах белахь, Мохьмад Пайхамар хета суна уггар а гоьваьллачех", - дерзийна шен къамел Муслима.

"Кадыров легенда хуьлийла дац", - бохуш, воьлу хеттарш дина кхин а цхьа респондент, 4-чу курсан студент Ахьмад. - Нагахь санна, Кадыров дуьненахь а гIарваьлла стаг велахь, суна къа хета дуьненан бахархойх", - аьлла бу цуьнан хьажам.

"Дуккха а нах бу вайна юкъахь цIе яккха йиш йолуш. Ас йохур яц церан цIераш. Стагах легенда ала мегар ду, нагахь санна, цхьана хенахь хила йиш йоцуш хилларг, цо кхочушхилийтинехь. Медицинехь, Iилманехь, массо а сферашкахь прогресс йина нах бу ас буьйцурш", - боху Ахьмада.

Красноярскерчу полисхочо аьллачунна терго ян а ца оьшу боху 31 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу Iийсас. "Цхьа сонталлла ю-кх рогIера, стенгара яьлла а ца хууш. Цхьаммо цхьаъ аьллера аьлла, иза тидаме эца а ца оьшу. Нагахь санна, цуьнан ишта хьажам белахь, суна къа хета цунах. Сан къоман кеп-кепарчу заманашкахь баьхна турпалхой бу-кх суна легенда хета нах. Тахана вайгахь йоцу къонахалла, майралла, доьналла хилла нах. Шайн синош ца кхоош мостагIех летта, белла нах", - боху Iийсас.

"Мохьмад Пайхамар ву-кх исторехь йоккха лар йитина стаг. Ткъа тахана бехачу нахалахь цIе яккха мегар ду аьлла хета суна Найка Закиран (хIиндойх схьаваьлла исламан динан хьехамча). Инзаре хьекъал долуш, суна гарца, исламан маьIнех нийса кхетош стаг ву иза", - аьлла йохка-эцаран центрехь болх бечу 24 шо долчу Идриса.

Мохьмад Пайхамар ву гIарваьлла стаг аьлла хета 30 шо долчу Заирина а. Ткъа таханалерачу заманчохь бехачу нахах цхьанне а цIе яккха ца хIоьттира иза.

"Легендехь вуьсур волуш ву иза, важа аьлла, цхьаннан а цIе йоккхур яцара ас тахана. Хила тарло хьакъболуш дуккха а нах, амма бакъду, Кадыров хуьлийла-м дац иза", - аьлла, дийцина жимчу зудчо.

"Дуьненна цо хIун дина, иза оццул вазвина виццал?", - ца кхета дешаран хьукматан белхахо Яха. Цо дийцарехь, кху заманахь шен мехалчу гIуллакхашца цIе яккха мегар дара Маск Илонан (Iамеркан бизнесхо, инвестор, кхоллархо).

"Вайн бIаьргашна ган а гуш, хиндерг кхуллуш, истори ю цо вовшахтухуш. Илона а, цуьнан компанино а мел динчун цхьа дакъа а диний Кадыровс? Шен салтий кхечу пачхьалкхашка тIемаш бан дIахьийсор доцург, кхин хIун дина цо? Беламе хIума ду хIара", - аьлла Яхас.