Your browser doesn’t support HTML5
"ГIалгIайн къоман цхьааллан комитето" шен кхайкхам арахецна гIалгIайн а, нохчийн а халкъашка, яздо Кавказ.Реалиино. Документ арахецна "Фортанга" зорбан гIирсан сайта тIехь Лахьанан-беттан 18-хь. Цу дIахьедарехь жигархоша кхайкхам бина ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархошка вовше интернетехь сийсазбар сацаде аьлла.
"Вай бусалба ду, вай вайнах ду, муьлхха а нохчо я гIалгIа сийсаз вар вайн тIеэца дезаш ду вай ваьш сийсаз дар санна, иза деш верг милла велахь а. Юкъарчу меттигашкахь дуккха а боьха хӀуманаш а, сийдоцу хIуманаш а ю, вайна юкъахь Iоттаме мостагIалла даржош, ткъа вай къовсаме дийла оьшуш дац царца, вайн гIиллакхашца а, ламасташца а догIуш ма хиллара", аьлла ду цу кхайкхамехь.
Шайн дIахьедарехь "ГIалгIайн къоман цхьааллан комитетан" векалша хьехош ю Нохчийчоьнца дозанах лаьцна тема, "'гIалгIайн территорин дакъа дIадаккха' сацам шинан республикан куьйгалхоша кулуарашкахь теэцна хиларна дуьхьал" яра республикехь дуьхьалонан акцеш бохуш.
"[Дуьхьалонан акцин] лидерша критика а, сий дойуш къамелаш а цкъа а ца дира дерриг а нохчийн къоманна дуьхьал", - чIагIдо дIахьедарехь.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанах лаьцна шина республикан куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а тIеэцна, ткъа тIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело нийса лерина барт бахьана долуш митингийн тулгIе гIаьттира ГIалгIайчохь. Митингаш хилира стохка гуьйранна а, кхушара бIаьста а.
Митингашкахь дакъалаьцначу нахана хетара доза къастор нийса дацара аьлла. "Мемориало" далочу тIерахьца, и дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа лаьцна ву 31 стаг. Царах дукхаха болчарна бехке дуьллуш ду Iедалан векалшна ницкъ бар (ч.1 ст.318 УК РФ).
Стохка Гезгмашин-беттан 26-хь дозанах барт тIеэцар къуьйсуш ду тахана а. Иштта, кху беттан 9-хь ГIалгIайчохь дIабаьхьначу "ГIалгIайн халкъан тайпийн кхеташонан" гуламо Iедалшна тIедожо сацам бира "дозанах лаьцна Нохчийн Республикица бина "халкъана дуьхьал" барт" юхабаккхар…"
Нохчийчуьрчу бахархоша лерира иза цхьа а маьӀна доцу а, питане а хIума хилар, ткъа нохчийн историкаш элира жигархоша дуьйцург бух боцуш ду, Кавказера къаьмнаш дехачу меттигийн дозанаш цул тIаьхьа кхоччуш хийцаделла хиларна, аьлла.
Ткъа хIинца "ГIалгIайн къоман цхьааллан комитето" яздо "Оха кхойкху тхайн вежаршка - нохчашка а, гIалгIашка а - вовше сийсаз дар дита, кхетаме а, сатухуш а хила. Вайн дахар доца ду, амма вай кхуллург - диканиг а, вониг а - дуьсур ду вайн тIаьхьенашна. Церан дахар муха хир ду бохург юккъаметтигех доьзна хир ду вайн вай халкъашна юкъахь юьтур йолчу" бохуш.
"И гамо леррина яржош нах бу"
"Яблоко" партин гIалгIайн декъан гIантда ву Муцольгов Руслан. Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел деш, цо дIахьедар дира, нохчийн а, гIалгIайн а шина агIонна юкъахь къийсам кхоалгIачу агIоно кхоьллина бу аьлла.
"Хала хеташ делахь а, цхьа нах бу леррина гамо кхуллуш, ткъа цо цхьана а дикане цхьа а кхачор вац. Эххаре а цо еххачу ханна дов даккха мега къаьмнашна юкъахь, ткъа эшам хир бу массерна а. Социалан машанашкахь къаийсамаш бар дац дIадоьдуш, вовше сийсаз бар ду. Иза хуьлуш ду хьена ю къасто а хала долчу аккаунташкара. Шеко ю и дов цхьана агIор марсадоккхуш хила мега аьлла. Моьттур ду аккаунт кхоьллинарг цхьана я вукха къомах ву, амма иза иштта дац, и стаг тӀехьехар а, питана тасар а лелош ву", - бохуш вара Муцольгов.
Нохчийн политолог а, историк а волчу Мартагов Руслана иштта мах хадийра "ГIалгIайн къоман цхьааллан комитетан" дIахьедарна.
"Иза шен барамехь кхайкхам бу. 'Бертахь даха вай' алар санна болу. Цу комитетан риторика ца хий ца елла, иза иштта йолуш а яра. Хьалха цара коьрта акцент йора экстремистийн ойланаш йолчу наха дуьйцучунна, цундела хеталора берриг а ГIалгIайчуьра бахархой а иштта бу. Амма иза иштта ма дац. Дерг дийцича, гIалгIашна, дукхаха болчарна, дукха дика ма хаьа мичахь хIун латтанаш ду а, цигахь хIун ду а".
Амма социалан машанийн нохчийн сегментехь комитетан кхайкхам шеконца тIеэцна. Масала "Мага Грозный" аккаунтан авторо яздо: "И нах, даха дог доцуш, цомгуш бу я шалхенан хьу хьакхаяларца, я хьекъалах тиларца, я ши а ун кхетарца. И цамгарш тIегулъяаран кепехь гучуйовлу цхьана фразехь. Цара шайн кхайкхам дIаболабо латта "дӀадаккхарх" лаьцна аьшпаш карлабахарца."
Делахь а Муцольгов Русланна хетарехь, "ГIалгIайн къоман цхьааллан комитето" а, хьалханчаша а, халкъан дуьхьалонан боламан жигархоша а цкъа а сийсаз ца дина нохчийн халкъ. Цара даима а гойтург дара цIена ГIалгIайчоьнан куьйгалло лелочун шаьш реза цахилар, боху цо.
"Доза билгалдаккхаран кепана реза цахилар дара, и бакъ ду, иза цхьанха а дIа ца дахана. Кхин гIуллакх ду юкъаметтигашкахь Iитталуш долу муьлхха а хаттарш цивилизацин кепашца къасто дезаш хилар, вежаршка иза далуш ма хиллара", - боху цо.